Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167
Россехь бахам а бу. Цул совнаха, кхузара ламанхой къинхетамза талабо аш. Тиша шарбал йуьйхина, Россера кхуза веана эпсар, цхьа шо далале, эла санна, кечло. Хьайн хьаькаме, гергарчу нахе, доттагIашка кехат йаздийр ду ахь. Цхьа бутт балале Зеламхина ши эзар туьма тIе ца кхачадахь, хьан корта боккхур болуш бу цо аьлла.
Кхузахь бекъа кхача а биъна, цхьана сохьтехь говрашка са а даIийтина, новкъа бевлла уьш МакIажа кхочуш, эвла йистехь гулделла дуккха а адамаш гира царна. Цаьргара шайна новкъарло хир йу бохург дага а ца догIу Зеламха, шек а воцуш, тIевахара царна.
Лаьмнашкахь дукха йарташ йу тогIешца йаьржина. Йарташ ала йаккхий а йац уьш. Уггар йоккхачу йуьртахь бIе сов кIур хуьлу. Царна тIедоьлху некъаш хала ду. Амма миччахь а цхьанхьа, мел генахь а хилларг, телеграф санна, хIора йуьрта дIакхачадо. Къоьзан-Iомана а, Ботлихе боьдучу некъана а гена йац МакIажа. Цундела макIажошна уггар хьалха хиънера тахана некъа тIехь хилларг.
МакIажоша дукхазза а дуьхьало йинера Iедална. ХIокху Ведана- округехь уггар къармазечу йартех коьртаниг лорура иза Iедало. Кхузара дуккха а нах – къаьст-къаьстина а, доьзалшца а – Сибрех бахийтинера. Цхьаберш цигахь беллера, важаберш хан йаьккхина а, бевдда а, цIа бирзинера. МакIажошна хаьара, Зеламха шен тобанца шайн йуьрта гIуртур вуйла. Иза чувитича, цуьнан тIaьхье муха хир йу, хаьара. Iедало луьра таIзар дийр дара йуьртана. Царна ца лаьара, шайн бехк-гуьнахь а доцуш, йуьртана бохам хуьлийла. Цундела МакIажан йуьртдас Муслос йурт гIаттийра, Зеламха цига гIортахь, иза йуьрта ца вита.
Зеламха шен тобанца тIекхаьчча, некъ лецира макIажоша. Царна хьалха лаьтта Зеламхина вевза Мусло а, ЯсаI а, Iyмap а, кхин масех стаг а.
– ХIей, Мусло! ХIун ду аш лелориг? Тхуна некъ хIунда ца буьту аш?
– Тхан йуьрта чу вогIур вац хьо, Зеламха!
– ХIун ду? Тхуна бихкина-м бац хIара некъ? Йа Iедалх кхераделла шу, йа цунна дохкаделла шу?
– Тхо кхераделла а, дохкаделла а дац, Зеламха. Тхан дуккха а нах Сибрех бахийтина. Дуккха а цигахь белла. Тахана а цигахь хан токхуш а бу. Цхьаберш хьо бахьанехь а лецна. Хьо йуьрта витиний хиъча, Iедало бохам бийр бу тхуна.
– Шайна дов ца дезахь, новкъара дIадовла!
– Девр дац. Тхан декъашна тIехула девлла бен йуьртахула чекхдевр дац шу.
Зеламхас ойла йира. Шеко йацара, Муслос и нах цунна дуьхьал карзахбаьхна хиларан. Дукхахболчаьргахь герз ду. Церан бертаза йуьрта гIортахь, хьанна хаьа, цхьана Iовдало герз тухий а. ТIаккха хIокхара дIатоха а деза. Вер-ваккхар хир ду. Ткъа хIокху нахах дуккха а Зеламхина бевза. МакIажа а, Хорача а лулахь ма йу. Йуккъехь гергарлонаш а ду. Дуккха а мостагIий бу Зеламхин. Стенна оьшу цунна керла мостагIаллаш? Амма хIара Мусло боху зуд таIзарза дуьтийла а йац.
Урх йуха а узуш, говран чоьже кIажаш таIийна, иза тIаьхьарчу когашна тIе а хIоттийна, дIакхевдина Муслон коьртах шед туьйхира Зеламхас. Муслос, хумпIара чуьра схьайаьккхина, Зеламхина тIе тапча лецира, амма иза лаг оза кхиале, Бетарсолтас, ка тоьхна схьалаьцна, цуьнан пхьарс хьалаберзийра. Йаьллачу тапчанан дIаьндарг хIаваэ хьалайахара. МакIажой а, шен накъостий а чуьччагIоьртича, Зеламхас мохь туьйхира:
– Герз ма тохалаш, кIентий!
Герз тоха лууш макIажой а бацара. Амма буй-тIара йеш, хьерча буьйлира. Делахь а, Зеламхин накъостий, говрийн накхошца уьш дIаса а тоьттуш, гуттар карзахваьллачунна шед а тухуш, тобанна йуккъехула а бевлла, йуьртахула чекхбевлира.
Гена довлале шен йийсар дагавеара Зеламхина. Амма иза гуш вацара цаьрца.
Зеламхин накъосташна а, макIажошна а йуккъехь хиллачу хьовр-зIоврах пайда а эцна, веддера иза. Ткъа макIажоша цунна новкъарло ца йинера.
8
МакIажал тIехваьлча, накъосташца муьлхачу агIор вахча, кхерамза хир дара-те бохуш, ойла йора Зеламхас. ЧIебарлойн лаьмнашкахь социйла а дацара. Шен гIалагIазкхашца кхуза хьалавогIуш хир ву Кибиров. Цкъа Шapa-Орган агIорхьа ваха дагадеара цунна. Кибировс дIакъевлина хир ду кхузара дIа цига доьлху некъаш. TIe, Моргания гIалагIазкхийн шина сотница Органца хьалавахана бохуш, хабар а дара. Шайн лар йайа цкъа Шара-Органехьа а вахана, тIаккха суьйлийн йуьрта Ригаха дIавирзира иза. Кхузахь цхьана ханна шайн лар йита сацaм хилира цуьнан. ТIаккха Iаьндойн лаьмнашкахь лар а йайъина, Нохчийчу а вирзина, накъостий дIаса а хецна, ша цхьанхьа къайлавала.
ГIагIатIлан агIорхула схьа Чермойн лома богIура уьш. Некъаш Iаламат хала дара. Цкъацкъа нийсса хьала, тIаккха йуьхьар чу, гаттий. Цхьаццанхьа, говраш тIера чу а биссина, уьш архаш лаьцна йига йезаш меттигаш а нислора. Халла Чермойн лома хьалабевлира уьш, Кхузахь ши-кхо чаккхарма йеакIов ала мегаш аре йара. Говрашка садаIийта севцча, Iасса тIай тIехь Зеламхас чов йинчу ротмистран Донагуловн ваша тIенисвелира царна шен отрядаца. Бевдда, кIелхьарбовла аьтто бацара. Хьалха Донагулов вара, тIаьхьавогIуш шaйн сотнишца Котиев, Гасанилов вара. Аьтту йа аьрру aгIop кIелхьарбовла гIоьртича а, тIулган лекха бердаш дара. ГIаш чудиссалур дара, амма говраш йигалур йу бохург хьехочохь а дацара. Кхузахь дуьхьало йича а, хIорш берриг а хIаллакьхир бара.
ХIорш гича, акха маьхьарий хьоькхуш, кортош тIехула тарраш хьийзош, чухьаьлхира Донагуловн дошлой. Донагулов хьалха вогIура. Цо дуйнаца чIагIо йинера Зеламхас заьIап винчу шен вешин чIир йекха… Дуьхьал герз ца тоьхча, эвххьаза тIебогIур бара уьш. Зеламхас хьалха, тIаккха накъосташа герзаш туьйхира. Цхьа-шиъ говрашкара чувуьйжира, амма бисинарш хьере тIебогIура. Цхьана минотана дуьненах дог диллира Зеламхас. Суьйлийн говраш дика ма йу. ТIе, лаьмнийн хьелашкахь Iамийна. Ткъа xIapa суьйлий шаьш, хIокхарал цуьрриг а ца оьшуш, дика береш бу.
Шен говр аьтту агIор дIа а хьовзийна, урх дIa а хецна, раз тIехьа а вирзина, дошлошна йукъа топ йеттара Зеламхас. Цунна тIегIоьрттина вогIура Бийсолта а, Бетарсолта а, Соип а. Берда йисте кхача ткъех гIулч йисча, топ тоха йухахьаьжначу Зеламхина Бийсолта ца гира. Цуьнан говр сецна лаьттара, ткъа Бийсолта цхьа ког луьйтанахь болуш, говран агIонца кхозура. Сиха говрара чу а иккхина, кIантана тIехьаьдира Зеламха. Уггар хьалха цуьнан ког луьйтанах мукъабаьккхира, тIаккха цIеша буьзначу коьрте хьаьжира. Коьртах кхеттачу дIаьндарго хье дIатеснера. Иза къилбехьа а верзийна, цуьнан меженаш дIанисъеш, xIapa воллуш, хьаьдда тIевеара Бетарсолта а, Соип а.
– Вайгара гIо оьшучуьра ваьлла хIapa, Бетарсолта. Шу кIелхьардовла хьовса.
– ХIокхунна хIун до вай?
– Кхузахь ца витича вер вац. Ваьшца xIapa дIавига гIоьртича, дерриг а хIаллакьхир ду вай. Тхоьша бахьанехь накъостий хIаллакьхуьлийла ца лаьа суна. И дошлой бусалбанаш бу. Йа бусалба динехь дакъа дIадуллур ду йа схьалур ду цара.
– Ахь хIун до?
– Сайн ницкъ ма-кхоччу, уьш совцо гIуртур ву со. Шу кIелхьардовла.
– Кхузахь хIаллакьхила бакъо йац хьан, Зеламха!
– ДIагIо чехкка!
Дошлой тIекхача бIе гIулч бен ца йисинера. Зеламхас топ йеттара. Наггахь дошло велла йа чов хилла, говрара чувужура, йа говран вортанна тIе охьавоьдура, йа цхьа ког луьйтан чохь а болуш, говро текхавора. Зеламхин коьртехь
Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167