Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167
бертал охьадийша! – омра дира Бетарсолтас.
Бетарсолта оьрсашца дукхазза а набахтехь Iийнера. Цунна гIеххьачул шера оьрсийн мотт хаьара. Йоза-дешар а Iеминера. Аюбал тIаьхьа Зеламхин талмаж а, йозанча а вара иза. Шатайпа писар.
Топ карахь пайтон чуьра чуиккхира Долидзе.
– Шуна моьтту кIилло зударий дац тхо! – мохь тухуш, тоьпан лаг уьйзира цо.
Зеламхина тIе дуьххьара хIоьттинера иштта киртиг. Долидзен топ йолуш цIеххьана, каде аьтту агIор дIатаьIира иза. ТIехьа лаьттачу Пешхос, шен ондачу пхьаьрсашца цуьнан пхьаьрсаш йукъа а къовлуш, маравоьллира Зеламха.
– Тахана тIаьххьара де ду хьан, хорачойн Зеламха! Деле хьайна къинхетам…
Пешхо кхидIа вистхила ца кхиира. Лакха тIера схьатоьхначу тоьпаша цхьатерра вожийра Долидзе а, Пешхо а. Накъостех цхьаммо, нийса ниша а лаьцна, Пешхон аьтту лерга чу тоьхна дIаьндарг, коьртах потт а тосуьйтуш, аьрру лергахула арайаьллера. Некъана шинне aгIop тархашна тIехьара схьайеттачу тоьпаша бохийна хьовзийра дошлой. Оцу йоццачу йукъах пайда а эцна, накъосташна тIе лома хьалавелира Зеламха а, Бетарсолта а. Сихха меттабаьхкинчу суьйлаша, пайтонашна, говрашна тIехьа а лечкъаш, обаргаш болчу aгIop низам доцуш, эрна тоьпаш йеттара.
Шина сохьтехь бахбелира и тIом. ДегIастанхойн дошлойн йуьхьанца аьтто бара, шайн командир вийча, йуха а бевлла, бевдда, кIелхьарбовла. Амма цара иза ца дира. Уьш ламанхой ма бара. ХIумма а кIилло а боцуш. Майра, доьналле, йахь йолуш. Царна ца лаьара, инженерийн комисси ларйан декхар тIедиллина Дагестански полкера къастийна шаьш, шайн декхар а, шайна белла тешам а бицбина, кIиллой бевддера аьлла, лаьмнашкахь эхье цIе йаккхийта. Ткъа тIом генабаьлча тIаьхьа дара йухабовла. Хьалхарчу сохьтехь царах маситта вийнера. Йайъина а, чевнаш хилла а Iохкура говраш а. Шийтта дегIастанхочух итт велла Iуьллура. Дийна висина шиъ чевнаш хилла вара.
Шайна дуьхьалдетта герзаш севцча, ГацагIеран Бетарсолта а, АнагIеран Жамаьлда а тIе а кхайкхина, цаьрца некъа тIе чувоьссира Зеламха.
Кхузахь белла Iохкура дегIастанхойн дошлой, виъ салти, кхиберш а. ТIамарш йаржийна аркъал а, бертал а, набарш кхетча санна, кIегар хевшина а, чевнаш хилла меженаш куьйгашца схьалецна йуьхьарбахана а. ХIокху кхааммо, цхьацца тIе а воьдуш, йаххьаш къилбехьа йерзош, меженаш нисйеш, бIаьргийн негIарш тIе а къуьйлуш, моггIара аркъал охьабехкира суьйлий. ТIаккха йаххьаш тIе церан шайн башлакхаш а тийсина, дoIa дира.
– Дала гечдойла шуна. Дала къинхетам бойла шух. Ламанхой, лулахой, тхан бусалба вежарий дара шу, дуьненан хьоло Iехийна, сутаралло тхуна дуьхьалдаьхна. Дала къастор ду вайх бакъ а, харц а мила хилла.
Пешхон дакъа тергал ца деш дитира цара.
ТIаккха кхечу беллачаьрга а, чевнаш хиллачаьрга а хьаьвсира уьш. Белла Iохкура ротмистр Долидзе, виъ салти, статс-секретарь Войтченко, инженер Орловский, некъийн мастер, некъийн контролер. Чевнаш хилла Iохкура вахмистр Магомаев, некъийн мастер, ши ямщик, подполковник Чикалин, суьйлийн дошло.
ХIораннан чевнашка хьаьжира Зеламха.
– Шун чевнаш кхераме йац. Лоьро дIайихкича, сихха йоьрзур йу. Цхьа сахьт далале орца кхочур ду шуна тIе. ХIетталц сатоха.
ТIаккха пхьаьрсах чов хиллачу, сира маж, дехий, даккхий мекхаш долуш, кхузткъа шарал лакхара хан хила тамехь оьрсичунна тIехIоьттира Зеламха. Оьрсичун белшаш тIехь цхьа шатайпа погонаш йара.
– XIapa мила ву? – хаьттира цо дархошка.
Цхьа а вист ца хилира.
– XIapa оьрси мила ву, хоьтту ас шуьга? – аз айдира Зеламхас.
Цхьа а вист ца хилира.
– Тхан накъост шайн кара нисвелча, аш, йетташ, меженаш кегйеш, йагош, хьийзаво, накъостий бийца бохуш. Оха иза ца до. Тхо чаьлтачаш дац. Оха гIорасиз стаг, карахь герз доцу стаг ца хьийзаво. ХIунда ца дуьйцу аш хIара оьрси мила ву?
Вахмистр Магомаев, лазаршна цергаш тIеттIа а къуьйлуш, куьг лаьттах а гIортийна, охьахиира:
– Оьзда къонах, йахь йолу къонах ву бохуш, лаьмнашкахь цIе йахана Зеламха! И хIунда хоьтту ахь тхоьга? ХIара санна киртиг тIехIоьттича, хьайн накъосташа вовшашна йамартло йича, хьуна муха хетар дара?
Зеламха велавелира.
– Бакълоь хьо, Махьма6! Со дохковели, и хаттар дарна. XIapa оьрси тхайца дIавуьгу оха. ХIокхо ша дуьйцур ду, ша мила ву. Дисинарш дерриш а маьрша ду шу.
Цхьана куьйга хIаваэ хьала а лаьцна, топ кхоьссира Зеламхас. Итт минот йалале говрашкахь схьагулбелира цуьнан накъостий.
– Герз схьалахьаде. Дийна йисина говраш схьалеца. Пайтонаш ата. XIapa оьрси Пешхон говра хааве.
Шина сохьтехь лаьттинчу тIамехь атталла мерцхалг а ца даьллера Зеламхин накъосташна тIера.
Ах сахьт далале гIуллакх чекх а даьккхина, лаьмнашка дIабахара уьш.
7
Морганияс дош деллера Долидзена, эшначу хенахь цунна орца кхочур ду аьлла. Амма иза ца кхечира. Зеламха комиссина тIелетча, хаам бар тIедиллинчу суьйлийн жаIуша и хаам ца бира. Хаам бира, амма Долидзен отряд хIаллак а йина, Зеламха къайлаваьллачул тIаьхьа диъ сахьт даьлча.
ТIаккха Зеламхин лорах тIаьхьайелира кхо отряд. Iаьндара схьа Дагестански полкан шина сотница Котиев а, Гасанилов а, лаамхойн отрядаца Саадуев а, Веданара хьала ГIизлара-Гребенски полкан сотница Кибиров а.
ТIом хиллачу меттигана гена сихвелира Зеламха. Чермойн ломана уллора Iабдуллин-дукъ а хадийна, Ихарой цIе йолчу суьйлийн йуьртахула а ваьлла, Хойн чIожахь садаIа сецира иза. Зеламхин накъосташкахь хIорангахь а, чевнаш йерзош лелош, дарбанаш а, бинташ а дара. Кхузахь Чикалинан чов а йихкина, цуьнгара лем эца вуьйлира Зеламха. Бетарсолтас гочдора хеттарш а, жоьпаш а.
– ХIинца дийцал, хьо мила ву?
– Подполковник Чикалин.
– Балхахь мичахь вара хьо?
– Ботлихехь. Некъийн инженер.
– Комисси йукъахь вара хьо?
– Вацара. Сан отпуск йу. Комиссица Россе ваха новкъа ваьллера со.
– Шарль Акс вевзий хьуна?
– Селхана вевзинера. Нийсса аьлча, селхана гинера.
– Тахана байъинчу инженерашна йукъахь варий иза?
– Вацара.
– Комиссица вацара иза?
– Вара. Иза новкъа йолуш, цунах дIa a къастийна, Темирхан-Шура вигна иза. Цигара дIа БуритIа гIур ву.
ОьгIазвахана, цергаш хьакхийра Зеламхас. Михеевн нуц шен буйнахь волуш санна, сапаргIат вара иза тахана Iуьйранна. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца шен Iалашо кхочушхилча санна. ХIинца и сатийсам а дIабели цуьнан. Гуттаренна ца баьллехь а, цхьана ханна. Йуха а иза лаца гIерташ, цунна тIаьхьа толлуш, лела веза. Кхин аьтто нислой а, ца хаьа. Ткъа Беци, Зезаг, бераш Сибрехь ду. Цхьа а тайпа хабар доцуш, масех бутт баьлла. Инженерашкахь карийна ахча а ши бIе шовзткъа сом бен дац. Эрна хили цо а, накъосташа а хьегна къа а, Iанийна цIий а.
– Оха тхайца дIавуьгур ву хьо, полковник. Шортта ахча лахь, маршавоккхур ву. Масала, ши эзар туьма.
– Сан дац оццул ахча. Аьттехьа а. Алапел совнаха, суна тIедогIуш цхьа кепек а дац.
– Россехь бахам буй хьан? ЦIенош, латта, даьхни?
– Иза а, важа а дац. Со помещик вац.
– Мел ахча далалур ду хьоьга?
– Итт-ткъа туьма.
– Гергара нах, доттагIий буй хьан?
– Бу. Со санна, къен. Къена а.
– Аьшпаш буьтту ахь, полковник. Къен оьрси хьан дарже лакха ца воккху шун паччахьо. Хьолахо бен. Къен оьрси салт воккху. Хьан ахча ду.
Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167