Топ за месяц!🔥
Книжки » Книги » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

38
0
На нашем литературном портале можно бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев полная версия. Жанр: Книги / Историческая проза. Онлайн библиотека дает возможность прочитать весь текст произведения на мобильном телефоне или десктопе даже без регистрации и СМС подтверждения на нашем сайте онлайн книг knizki.com.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 8 9 10 ... 122
Перейти на страницу:
Конец ознакомительного отрывкаКупить и скачать книгу

Ознакомительная версия. Доступно 25 страниц из 122

кхечира.

«ХIун хила доллу-те кху дуьненах?» — йуха а дагатесира Селитина: «Буьйсано тIом хьабина-те лаьмнашна?.. Йа лам къевсина, Iинан джинаша, жоьжахатан пешара идош, вовшашна кхуьйсу хаьштигаш ду-те уьш?.. Йа, йоьхна, чухерца-те стигал?..»

СелитагIеран нийсса тхевна тIе туьйхира ткъес, кхеран рама а йегош. ДоIанаш а деш, схьахьаьдира Нурбика: Селита, ша Iачуьра а гIаттийна, букъа тIехьахула куьйга тоьттуш, шен метта йижа дIахьажийра цо. Эскинойн цIенойн тхевнашна тIехула хIинца, гезарий йевдича санна, татанаш дохуш, догIанан дехий, стаммийра серий чухецаделира, массо а марха кхузахь йаьтIча санна. ДогIано башийна месала куй бегош, чувелира Тавсолта. Сихха тIе верта а кхоьллина, тIома кIел панар а лаьцна, дохнан кертехьа вахара изп. Цунна тIаьххье аравелира Дауд а…

Стигалан къекъарш эххар севцира. ДогIа малделира.

Йуха чу а веъна Тавсолта а, Дауд а дIавижира. Iалам дIатийра. Селита, меллаша меттара гIаьттина, когабуьхьара коре йахара лаьмнашка хьажа: «ХIун дисина-те царех, оццул стелахаьштигийн мор шайна тIетоьхча?», — дагатеснера цунна.

Амма лаьмнаш, хьалха санна, цхьа а зен хилаза, мелхо а кхин а серладевлла, сапаргIат лаьттара. Стигал а йекхнера, наггахь бен марха ца гуш. Эзар седарчий, шаьш хIинцца цхьамма дилинчух тера, къа латозачу берийн бIаьргаш санна, цIена хьоьжура. ХIаваъ, генна дIа шех чекх сагуш, хьаьъна дара. ПаргIат садеIалора…

TIEMAH ХЬАЛХАРА IA

Iуьйранна уьйтIа ваьллачу Тавсолтина гира, ло а диллазчу кертахь, татолана лаьцна, вотанна дуьйлинчу ахкаргах тера, буткъа шера ша, шен пардох чекх бухахь жагIа а лепаш. Хье ца луш, диллира дуьххьарлера ло а: шуьйрра дIасайаржийначу шаршуша кестта хьулйира ломан басеш, аренаш, некъийн асанаш. Амма Iин чуьра, барзах тера, схьалелхачу мохо, кайетташ, дохуш, маьI-маьIIехь гучубохура лаьттан Iаьржа кIунзалш.

Долла Iалам сингаттаме хьоьжура: хIурдан тулгIено геннара схьакхоьхьу дуьра гIовгIа санна, лаьмнаш тIехула схьахьоькхучу мохо кху йуьрта а схьакхачийра тIеман къаьхьа чам, шеца шатайпа хийцамаш а бахьаш. Эскинойра кхин а дукха нах тIаме дIабахара.

Йурт мелла а йассаелча санна хетара: бухабиснарш, совнаха гlap йоцуш, белхашна тIе таьIнера. Йуьртан массо а маьIIехь, пенашна а, бIогIамашна а тIехь дIатоьхна гора цIечу кIадеш тIехь йазбина кхайкхамаш: «Дерриг а — фронтана! Дерриг а — толамна!»

Цхьана эшшарехь дIаоьхура школехь занятеш. Цхьабакъду, кху Iай пальтош а тIехь-м Iара классашкахь: январан денош шийла а даьхкира, дечигна шорто а йацара. Тахана, школин комсорг Дауд, классехь староста волу Увайс а, шайца кхин а цхьацца дешархой а, комсомольцаш а эцна, колхозан правленис бакъо а, трактор а йелла, Iуьйрре хьуьнах дечиге бахара.

Дикка делкъал тIаьхьа уьш бухабогIуш, тракторан гIовгIа а хезна, царна дуьхьал бахара лакхарчу классашкара дешархой, шайца Селитий, Нурседий а йолуш.

Iай ша беш а доцу, амма хIинца жимделла Яьсса гомхадаьллачухула сехьа а йаьлла, йоьттинчу прицепца, хьалагIертара трактор, шена боккха ницкъ хуьлучух оьгIазе гlap йеш.

— Хьалайалалур йуй и цигаша? — лахара хьала мохь туьйхира Дауда, бете куьг а лаьцна.

Изий, цуьнца бершший, трактор кхуза кхаьчча, охьа а биссина, гIаш богIура.

— Цкъа хьала-м тосур йу! Лаахь, оцу бердах а! — тIера схьа мохь туьйхира, ткъех гергга шо долчу, тIехь йоца пальтой, коьрта тиллина лергаш долу куй болчу, беснеш цIазамах йогучу трактористо.

Прицепа тIера охьаэгга дечигаш а лехьош, тIаьхьа богIура дешархой.

Йоккха горга дечиг а марахь, прицепна тIаьхьа кхиъна, йогIучу Нурседина тайра кIентан жоп. Трактор нуьцкъаша хьалатеIара. Некъ, хала бара аьлча а, бан а бацара, дуьххьалдIа кхузахула ирх кхул хьалха а машенаш ихна лараш гар доцург. Гу тIе йаьлла йоллуш, трактор цIеххьана, цхьа хIума хаьдча санна, вон тата долуш, цкъа сецира, тIаккха меллаша кIегар текхира, шена тIаьхьара прицеп йуха а тоттуш. ТIера тракторист, Нурседин бIаьрг кхуьуш, шен цIен бос бовш, кIайвелира. Нурседа ша йолччохь йогIайелира: трактор шен прицепца йуха охьаоьхура, некъана раз а йаьлла, бердан йистехьа теIаш.

— Охьаэккха! Йита трактор! — мохь туьйхира Селитина уллохь вогIучу Увайса, куьйга эшара цунна и гойтуш. Изий, Дауддий цунна орцах хьалаведира.

Трактористо корта ластийра, ша «охьаэккха реза вац» бохучу маьIнехь. Массеран а бIаьргаш цунна тIехь севцира, шаьш дан дезарг ца хууш. Трактор, ца соцуш, меллаша кIегаръоьхура тIерачу трактористо, ма-хуьллу тIам дIаса а ийзош, эткаш чуьра когаш дера тормозашна тIетеIошшехь. Нурседас, цIеххьана тIе а хьаьдда, шегара дечиг тракторан тIехьарчу чкъургаш кIел тесира. Трактор сацийра, прицеп бердан йисте кхача ши-кхо гIулч йуьсуш. Берриш дIахьаьвсира Нурседе, тIаккха — тракторе: иза шен тIаьхьарчу чкъургашна кIел тесна дечиг лаьттах чу теIош, цунна тIоьхула йала гIертара. Амма схьаиккхинчу Даудий, Увайсий шайгара дечигаш а сихха, нис а йеш, тракторан а, прицепан а чкъургашна кIел йехкира. Трактор, ша йолччохь, сецира.

Массеран а сапаргIатделира. Дауда, тIе а вахана, вист ца хуьлуш, массарна а гуш, маракъевлира шен йиша. Эццигахь ган йезара Нурседин йуьхь: ма йогура иза!

Трактористо, цхьа сахьт далале, йуха тойинчу тракторца школин керта оьзна дечиг, мехкарша прицепа тIера охьа а кховдош, божарша paгly кIел, гIулч йеш, дIадоьттира.

ДIавоьдучуьра вуха а вирзина, тракторист paгly кIел пальтох куьг хьоькхуш йоллучу Нурседина тIе вахара:

— Алахьа, диканиг, цIе хIун йу хьан?.. Хьо ца хиллехь, тIаме а вахаза, эрна лара-кх со цхьана мIаьргона.

— Берсанова Нурседа йу-кх! — серладевллачу сийначу бIаьргашца синкъераме кIентан бIаьра а хьаьжна, пондаран мерз санна, зевне деккачу озаца, шек а йоцуш, йуха хаьттира йоIа:

— Ткъа хьан цIе?

— Цултигов Расул… Сан цIарх-м xIун дора? Хьо йу тахана коьртаниг! — аьлла, кIант шен догучу Iаьржачу бIаьргашца йуха а йоIе хьаьжира. Церан бIаьргаш севцира вовшашна тIехь.

— Хьо фронте ца воьдуш хIунда висина?

— Заявлени дIа-м делла! Делахь а… трактористаш ца тоарна, бронь а йелла, цкъачунна буха витина-кх!

— Дера, и трактор дIахоьцур йолуш-м ца хиллера хьо!

— Хала кхаьчча соьга… Керла йу иза, — аьлла, Iодика а йина, кхин а хьевала бегIийла а ца хетта, шен тракторан гloвгla а эцна дIавахара тракторист.

Йижарий школера цIа богIуш, гуттар йекаш хуьлу Нурседа хIинца мелла а ойлане йара. Шена а ца хууш, цуьнан аз а шатайпа лекхалуш, болар а, дайлуш, хийцаделлера. ЦIеххьана чубоьжначу тIулго шовда санна, марсайаьккхинера, беснеш йогучу кIанта, хIинццалц хьаьъна лаьттина, йоьIан деган айма: «Ма майра ву и… Ма товш а ву»… — дагара ца волура и Нурседина.

ДIайижале цкъа Селитица къамеле йолуш хуьлу Нурседа тховса, йист а ца хуьлуш, метта йелира. Оцуьнан бахьанех мелла а кхиъна Селита а IадIийра, хеттарш ца деш, цо ша и дийццалц.

Вукху дийнахь, paгly кIел гIортораш а йоьгIна, цIера дагарш, херхаш деана, кхоккха цхьаьна а хилла, дечиг хедо хIиттира дешархой. Селитий, Нурседий, Увайссий цхьаьна нисделира. Селитассий, Увайсий херх хьоькхура, даьккхина дечиг Нурседас жимачу гIудалкхаца дIакхоьхьура. Селитин синтеме, Iаьржа бIаьргаш, Нурседа йоцчохь цахуучуха Увайсехьа хьовсура наг-наггахь. Нурседа-м церан тидам бечохь ша а йацара:

Ознакомительная версия. Доступно 25 страниц из 122

1 ... 8 9 10 ... 122
Перейти на страницу:

Внимание!

Сайт сохраняет куки вашего браузера. Вы сможете в любой момент сделать закладку и продолжить прочтение книги «Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев», после закрытия браузера.

Комментарии и отзывы (0) к книге "Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев"