Топ за месяц!🔥
Книжки » Книги » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

22
0
На нашем литературном портале можно бесплатно читать книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полная версия. Жанр: Книги / Историческая проза. Онлайн библиотека дает возможность прочитать весь текст произведения на мобильном телефоне или десктопе даже без регистрации и СМС подтверждения на нашем сайте онлайн книг knizki.com.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 46 47 48 ... 187
Перейти на страницу:
некъ бац царна. Вайна ма-моьтту Іовдал а ма баций нах. Царна шера хаьа Iедалан ницкъ а, мятежникийн гIорасизалла а. Царах дIакхетча, шайна тIекхета хIума доций а, вайх дIакъаьстича, шаьш дерригенах довлий а.

Свистуновс, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина, кIур чутуьйхира.

– Иштта-м дара иза, Николай Богданович, амма и тайпаниш йарташкахь кIезиг бу-кх хIинца цкъа. Вукху дисинчу халкъо дийр дуй-те цара аьлларг?

– Нохчийн йарташкара нах тайпанийн гергарлонаша къевллина цхьана зIенаца бихкина бу, хьан локхалла. Ткъа оцу зIенийн йуьхьигаш оцу «вайчийн» буйнахь а йохку.

ХIорш чай мелла бевлча, чувеанчу йалхочо дIайаьхьира самовар а, пхьегIаш а.

– Хьан умматан ойланаш муха йу, да Викентий? – мозгIарна тIевирзира Свистунов.

Вохвеллачу мозгIаро, шуьйра, йеха цIен маж хьала а тоьхна, обанан логера ветанаш дIа а даьхна, стоммачу логах йовлакх хьаькхира. Гай тIехь кхозура, аьлча а, йижина Iуьллура, детин стоммачу зIенах тесна дато йоккха жIар.

– Адамийн дeгнаш – къайленаш йу, хьан локхалла, – элира мозгIаро, куьг тоьхна, маж шина декъе а йекъна. – Дегнийн къайленаш Даллий бен хаа йиш йац. Ткъа со Делан лай бен вац.

Инарлин хьаьжа йуккъе шад хIоьттира.

– Вай дерриг ду Делан лайш. Амма, цул сов, вай паччахьан йалхой хилар а ма дицде, да Викентий.

– Цунна а хастам кхайкхабо ас денна…

– Хастамаш баро чІaгIбийр ма бац Iедалан а, килсан а бух, – элира Александр Павловича. – Хьуна хаа ма йеза хьайн умматан деган къайленаш.

МозгIаран корта охьабахара, шуьйра маж некха тIехь шалха а кагйеш. ТІaьххьара кIур а баьккхина, цигаьрка, хьакхош, чимтосурга чу а таIийна, хьалагIеттира командующи.

– Ас къайлах цхьа масех дош ала кхайкхина шу, господа, – элира цо, ши куьг букъа тIехьа лаьцна, чухула дIаса а волалуш. – Империн араxьара йукъаметтигаш а, чоьхьара хьал а шуна дика хаьа. Вайн тIом цхьана Турцица хилла цa Ia. Вайца даррехь тIом беш йацахь а, амма массо агIор туркойн гIо лоцуш а, вайца мостагIалла лаьцна а йу Европера йeрриг пачхьалкхаш. Иза цхьаъ ду. Амма хIокху халачу муьрехь цуьрриг а дика дац мехкан чоьхьара хьелаш а. Революцин ун ду дено-дено даьржаш. Йарташкахь муьжгий а, гIаланашкахь белхалой а дуьхьалбуьйлу Іeдална. Тешам бац кхузарчу оьрсийн муьжгex а.

ГIантан гIовла шина буйна a Iaьвдина, сeцира командующи.

– Нохчий гIевттина. Вайн ледарлонна! Цара къайлах бузу маша шен хеннахь вайна цахаабаларна. Ма мотталаш, церан гIаттам тIамца зӀе йолуш бу. Туркошца цхьа а тайпа зIe йац церан. Туркойн цхьана а эмиссаран лар ца йеана Нохчийчу. Иза цIена бакъдеpг ду. ГIаттам цара шаьш кечбина. Вайн мера кIел, вай дийшина Іохккушехь… Вайн гIалат нисдан цхьа некъ бу: мятеж сиxонца хьаьшна дIайаккхар. Амма оцу тIехь вайна новкъарло йан тарло мeттигерчу оьрсийн бахархойн цхьана декъо. Ас буьйцурш гIалгIазкхий бац, муьжгий а, салтий а бу. ГІaлaрa мyьжгий, лам чу а бахана, мятежникех дIа-м кхетарг хир бац. Амма, мятежникаш гIалина тIелатахь, цаьргахьа ца бовлахь а, дуьхьало а-м йийр йац. Цундела, да Викентий, хьоьга цхьа дехар ду сан.

Александр Павлович, охьа а хиъна, мозгIаран бIаьра вогIавелира. Шен ира-бехачу мера тIера схьаэцна куьзганаш йовлакхца цIандан хIоьттира инарла Виберг а.

– ГIалин а, массо станицийн а килсашкахь халкъ кхето деза хIоьттинчу хьолах. Хьалхара: вай туркошца болийначу тIеман Іaлашо – деа бIe шарахь туркойн Iазапна кIел бохку ваьшца цхьана динeхь, цхьана цIийх болу славянаш а, ваьшца цхьана динехь болу гуьржий а, эрмалой а маьршабахар хиларх. ШолгIа: нохчийн гIаттам, оьрсашна дуьхьал хилла цa Iаш, ткъа оьрсийн а, берриг славянийн а бIeшeрийн мостагІчунна – туркошна – гIоьнна болийна хиларх. КхозлагIа: гIевттинчу нохчаша шайн каравоьлла оьрси къинхетамза хIаллаквийриг хиларх. ДоьазлагIа: массо а керста стаг, и ца хилийта, царна дуьхьал гIатта везарх. Хьо кхийтин, да Викентий?

Дехачу цІоцкъамашца цIен бIaьрнегIарш меллаша охьа а хецна, байн кхузза корта таIийра мозгIаро. ХIeтталц хIара хIунда кхайкхина ца хууш Іийна эла Эристов, хIинца кхийтира динан да кхайкхаран бахьанех.

– Ткъа шуна тIехь, хьомсара Александр Карлович, Николай Богданович, – Вибергний, Эристовний тIевирзира командующи, – шуьшинна хьалха а лаьтта даккхий декхарш. ГIалгIазкхех тешийла ду вайн хIокху муьрехь. Нохчашний, гIалгIазкхашний йукъахь мостагIалла ду латта бахьана долуш. Нохчаша шайн мохк шайгара дIабаккхарна кхоьруш, гIалгIазкхий дика летар бу мятежникех. Амма муьжгийн а, салтийн а, нохчийн а цхьа а тайпа гамо йац вовшашца. Церан атта барт хир бу. Шуьшиннан декхар ду нохчашца церан цхьа а тайпа зIe цахилийтар. Цул сов, Александр Карлович, хьайн дивизи ахь гуттар сиxонца тIеман низаме йалайе. Хаац, вайна иза гIалахь, йа ломахь – мичахь хьалха оьшур. Нагахь гIаларчу къехошна йа салташна йукъахь бунт эккхахь а, иза хьаша уггар тешамечу салтех шиъ-кхоъ рота кечйе.

– Цул а оцу гIуллакхна гIалгIазкхийн цхьа-ши сотня гIала йалийча, тешам болуш хир дацара, Александр Павлович? – хаьттира Виберга.

– Иза-м данза цадериг ма ду, Александр Карлович. Сан кхyзахь социйла дац. Областан йисинчу округеx а тешац со. ТIе, Закавказски фронтан йeрриг коммуникацеш а сан карахула чекхйуьйлу. Кхана Iуьйранна со Владикавказе йухавоьду. Варийлаш, ледара ма хилалаш. Ткъа гIала чIагIйеш Белликна гIо де. Мукъа бисча, харцахьа ойланаш йан а тарло гIалин бахархоша. XIинца мукъа ду шу, господа…

Х корта. ХЬАЛХАРА ТОЛАМ

ХьалхатаIа майрра! ХьалхатаIа, Даймохк!

Ах гIуллакх дина вай! ХьалхатаIа!

Ш. Петефи

1

Тахана пхоьалгIа де дара гIаттам болабелла. Амма схьагучубаьлла хIара бу аьлла кхиам бацара. Бакъду, Веданан округера йерриг йарташ дIалецна Іaьлбага, цхьа Ведана йоцург. Амма иза башха кхиам а ца хета цунна. XIиццалц схьа хIара ду аьлла цхьа а латар ца хилла паччахьан эскаршца. Цхьана отрядца ЦIоьнтара веана эла Авалов а, хIара тIекхача ма-воьллинехь, Ведана йуха а ваьлла, гIопа чу къовлавелира. Хаси-Юьртара эскар а дац лам чу гIоьртуш. Iаьлбаган кхин дан хIума ца дисира, шена дуьхьало йен йуьртдай лецар бен. Ткъа цунах а толам ма ца хуьлу!

Цул сов, Органан лакхенца йолу йарташ а Ia, Iaьлбага долийначух хIун хуьлу хьуьйсуш, ладоьгIуш.

Оцу ойланашца ЖугIуртахула дукъаца охьавогIура Іaьлбаг. ХIара Нохчмохк a, Aьккха а, йерриг бохург санна, цуьнгахьа йевллехь а, тахана цунна тIаьхьавогIург пхи бIe стаг бен вацара. Уьш а дукхахберш – кегийрхой.

Iаьлбаг санна, ойланаша дIалаьцна, цунна тIаьххье вогIу Къайсар. Стенна делахь а, цхьа Овхьад ву цкъа а ца хиллачу тайпана хIайте. Иза, шен гIоьнча вина, шeцa сaцийна Iaьлбага. Цунна оьрсийн мотт а, дешар а хаарна.

Хьалхахьа Іохку нохчийн йарташ. Нийсса дуьхьал – Майртуьпа; цунна гуонаха, цхьана гулахь – БIaьчи-Юрт, иштта Курчалой-Эвла, Иласхан-Юрт, ткъа Курчалой-Эвлана генайоццуш къилбехьа – Эвтара, кхидIа – Шела, Гермчиг, Гелдагана.

Оцу хIор а йуьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна: Иласхан-Юьрто – Таймин Бийболат. Майртуьпара вара Бийболатан хьалхaрa гIоьнча хилла молла

1 ... 46 47 48 ... 187
Перейти на страницу:

Внимание!

Сайт сохраняет куки вашего браузера. Вы сможете в любой момент сделать закладку и продолжить прочтение книги «Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров», после закрытия браузера.

Комментарии и отзывы (0) к книге "Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"