Ознакомительная версия. Доступно 8 страниц из 38
сацо беза, тІехтаса гІерташ, кІеж туьйсу бала…
Зану дехьа чу йогІург хиларх догдиллина, Асвад, йуха а сехьа чу а ваьлла, цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цунна улло охьалахвелира.
– Зану…
– ХІун боху ахь, кІант?
– Хьо дехьа чу ма ца йели?
Асвада, цуьнан коьрта тІера йургІа меллаша дІа а тесна, тІе хьацар тесна догучу хьаьжа тІе шен шийла куьг диллира.
– Хьо йоьлхуш ца хилла?
– ХІан-xIa, хьацар ду иза…
– Дехьа чу йалахьа цхьана сахьтана.
– Ас хІун дийр ду цигахь?
– Хьоьга дан къамел дара сан, – Занун хьаьжа тІе летта месаш дІахьаькхна, нис а йина, беснеш тІе масазза а куьг хьаькхира цо.
Зану меттахъхьайра. Амма, цхьана сохьтехь тІex лаьттинчу хоршано чуьра са дІадаьккхина, лозуш гІелделлачу дегІо аьлларг ца дора.
– Дехьа чу йала гІора дац-кх соьгахь, кІант. ХІинца а хорша тІера йалаза йу со. Айхьа аьндерг кху чохь алахьа, ас ладугІур ду хьоьга…
– Корта вуон лозу хьан? – коьрта тІе йуха а куьг диллира цо, – хьо дехьа чу йалайелча, дика-м хир дара.
– ГІатталур йац-кх со…
– Ца гІатталахь, хІун дийр ду ткъа. Кхузахь эр ду ас-м сайна ала луург, – аз хийцира Асвада… – Гой хьуна, Зану, суна ваша а, хьуна хІусамда а иэшаре ца хьожуш, Делан Іожаллица Маил дІакхелхина. Мел шена дукхавезарг валарх, висинарг ца ваьхча ца волу. Хенан йохалла велларг а вицло. Стага зуда а йалайо, зуда маре а йоьду. Ткъа хьо къона а, хаза а йу. Майрачуьнца цхьана шарахь бен ца йаьхна хьо. Майра веза хан йу хьан.
«ХІан, хІинца хуьлуш доллу со кхийринарг, – даг чу тесира Зануна, – йита а йитина, со арайаккха воллу хІара…»
– Амма маре йаха а, зуда йало а хала хан йу хІара. Ас-м баттахь а, шарахь а тхайца кхобур йара хьо, тІаккха тхуна а кІордо там бу хьо. Кху чуьра оха арайаьккхича тІе йаха меттиг а бац хьан. Хьайн нах мичахь бу а, дийна бу бац а ца хаьа хьуна. Цхьаммо а, къахетта, тІелоцур ала меттиг а бац хьан. ХІора а воллу шен дегІ хене ца даккхалуш.
Мел леррина ладегІарх, хІинца Зануна ца хезара марвашас дуьйцург. ХІинцале а цунна ша оцу шен йургІанан тІелхигца, чуйаха хІусам а йоцуш, йерзинчу стигланна кІел цхьанхьа йоьжна Іуьллуш гopa.
– Ас хІун дан деза, со мича йаха йеза?! – шен бертаза узарца мохь белира цуьнан.
– КІелхьарйала цхьа некъ бу хьуна, Зану. Хьо соьга йерза йеза…
Шен дегІа тІе кхехкаш долу хи тоьхча санна, йагийна, шен хьаьжа тІе диллина Асвадан куьг дІа а кхуссуш, метта кІегар охьахиира Зану. Цкъа а ца хилча санна, тІепаза йайра дегІа тІера хорша. Мацалла гІелйина овкъаран баса йирзина оза йуьхь, даІ санна, цІиййелла йогура. Цунна гора, мокха цергаш гучу а йаьхна, цхьа кІанцІар жІаьла санна, къежаш, шега хьоьжу Асвад, цуьнан эхь дайна стешха ши бІаьрг а.
Зану шена тІекхета йоллуш санна хетаделла, Асвад шершина йухахилира. Амма зудчун дагахь кхин дара. Оцу йоццачу йукъана цуьнан бІаьргашна хьалхахула хьийзаш чекхдийлира и тІаьххьара масех шо. Школан шераш… шен а, Маилан а безам… иза фронте вахар, цуьнга ладоьгІуш, цунна бохам хиларна кхоьруш, и цІа верзаре сатуьйсуш, кийра ша боьллича санна, ша текхна ши шо; ност йоцуш иза цІаверзар… Асет йолчохь шаьш цхьаьнакхетар, цуьнга маре йахар; цІера даьхна де а, малхбале цхьана беттан некъ а… везарг кхалхар… Маил веллачул тІаьхьа, зуда цІера масазза йолу,
Асвада шен йина терго…
– Асвад! – дегочу озаца дуьххьара цуьнан цІе йаьккхира Занус. – Хьо ма-варра ца вевзаш, таханналц кху хьан тхов кІел буьйсанаш йаьхна ас. Кху керта йогІучу дийнахь йелла хилла йелара со. Иэхь ца хета хьуна сан йуьхьа дуьхьал хьажа? Сан цІийнда-х хьан ден шичин кІант, хьан ваша вара. Цуьнан коша тІе доьттина хи а ца дакъаделла. Хьуна со мила йу моьттура?
Асвада шен йолу-йоцу майралла тІегулйира.
– Сацайе и хьайн муцІар! – тІечевхира иза Зануна.
– XIaн-xIa, Асвад, ас сайн муцІар сацор йац, ткъа хьайниг сацор йу. Хьуна хьайн маьхча Маил вицваларх, суна ца вицвелла иза. Вицлур а вац, суо Делан эхарта йаххалц, – Занус шен дага тІе буй туьйхира. – Иза-м кху чохь вай, Асвад. ХІуна хІун моьттура? Со къона хиларх, цхьана шарахь бен майрачуьнца цхьаьна цайахарх, со майра везаш лела-м ца моьттура хьуна? Со, цІийнда а велла, йиша-вешех а йаьлла, гІаддайна, цамгаро а лаьцна, кху хьайн сени чохь охьайоьжча, ас сайн сий а, оьздангалла а йухкур йу-м ца моьттура хьуна? Бакъ дац, Асвад, хьуна моьттург! Сан кийрахь детталург-м нохчийн зудчун, оьздачу зудчун дог, пхенашкахь кхехкарг нохчийн цІена цІий дуй! Амма хьан дог a, цІий а шеконехь ду!
– Сацийта ца боху хьоьга, йилбаз! Цхьанна хозуьйтур ду ахь.
– Хезан шена! Дависарг-йаІ, ас, тІе а йаьлла, мохь тоьхча, дуьненна а хезар долуш цхьа лекха лам белара, адамашна ма-варра вовзуьйтуш, хьо дІакхайкхо! Иэхь хетар дарий хьуна? Дацара, КъорІанора-кх! Иэхь хета йуьхь а, йахь а мичахь йу хьан!
Зану, шен тужурка тІе а йуьйхина, дегочу куьйгашца шен йургІа а, истанг а дІахьарчо хІоьттира. ТІаккха, царна тІехула къевллина бухка а бихкина, уьш шен ги а тийсина, сонехь Іуьллу ша дечке лело жІоммагІа кара а эцна, арайала кечйелира иза.
Асвад кхеравелира. ХІинца арайалийтахь, цо-м иза нахала воккхур ву. Цаьршиннан хилла къамел цхьанна хазахь, иза велла дІаваллалц цуьнгахь безам хир бац цхьана а стеган. Зударшна, тІехула тІе, гергарчу зудчунна, йамарт хиларал доккха иэхь ма дац нохчийн. Иштта стаг, тІулгаш детташ, къиза вуьш, йуьртах а, махках а воккхуш хилла. Ткъа несана йамарт хилла бохург дуьйцу хезна а дац. Кхеро йеза хІара.
– Ахь хІун до? – Занун некъ лецира цо.
– ХІун до бохург, хІун ду? Арайолу-кх. Кху хьайн йамарт цІа чохь со кхин дІа а йуьсур йу-м ца моьтту хьуна?
– Арайаьлла, стенга гІур йара хьо? Хьуо дагайоьхна Іаш бу-м ца моьтту хьуна нах?
– Дуьне доккха ду. Сайн Іожаллина меттиг миччахьа а карор бу суна. Кху чохь йалар а сийдоцуш хета суна. Ткъа нахах жоп ахь ма ло. Хьо санна, боьха дац адамаш…
– Ас хьоьца йинарг-м забар йарий
– ХІаъ, оьзда забар йу иза-м!
Ша бохург ца хуьлийла хиъна Асвад ша лелийнарг кхечу агІор дерзо гІоьртира.
– Хьо нах безаш йу бохуш, хезнера суна. Цундела хьо зиэн гІоьртира co…
– Зиэйелин хьуна?
– Со тийши наха дуьйцург бакъ цахиларх. Хьайн сал-пал охьайилла. Вайшинна йуккъехь хиллачу къамелах лаций цхьана а адаме цкъа а бага ма гІаттайе. Нагахь ахь цхьа дош аьлла меттиг хаалахь, ас аддамна хІума ца хоуьйтуш, са доккхур ду хьан. Охьайахка хьайн гира хІуманаш!
Занун гира йургІа а, истанг а схьадаккха дагахь, тІе
Ознакомительная версия. Доступно 8 страниц из 38