Топ за месяц!🔥
Книжки » Книги » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

22
0
На нашем литературном портале можно бесплатно читать книгу Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полная версия. Жанр: Книги / Историческая проза. Онлайн библиотека дает возможность прочитать весь текст произведения на мобильном телефоне или десктопе даже без регистрации и СМС подтверждения на нашем сайте онлайн книг knizki.com.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 22 23 24 ... 187
Перейти на страницу:
ца хууш, масех гIулч кIегарвелира иза.

– Ма кхера, ас-м хIумма а дийр даций хьуна.

– Сом ца кхоьру хьох, – берриг ницкъ а гулбина, майрра жоп делира Мохьмада.

Стаг йиъ-пхиъ гIулч генахь сeцира.

– Хьо мичара ву?

– Гати-Юьртара.

– Хьенан?

– Аьрзун.

– Мича Аьрзун?

– Абубакаран Аьрзун.

Стеган бIaьргаш цец къаьрзира.

– Iелин вешин ву хьо?

– Ву.

Доцца хиллачу къамело Мохьмад тешийра шена хьалха лаьттарг хьераваьлла стаг цахиларх.

Ткъа цавевзaрг, xeттарш совцийна, ойланаш йеш лаьттара. «Аьрзун зуда йацара тхо Хонкара кхелхаш а, йа цига дIакхаьчча a, – бохура цо шега. – Ткъа иза, цигара нах цIа гIоьртича, дозанехь вийна. Иза шеко йоцу бакъдеpг ду. ХIара кIант мичара ваьлла?»

– Хьан нeнaн цIе хIун йу?

– Эсет.

– Иза хьенан йу?

– Билалан.

– Эсeтан нeнан цIе?

– Умма.

«Ткъа Эсет, со гIалат вацахь, Шахьбин вешехь Гатехь марeхь йара. Гати велла, бохура, тхо дIакхаьчна дукха хан а йалале. Эсет шен марвешица Шахьбица туркойн йуьртахь йара. Со Эмин-пашин эскарца туьпара дIавоьдуш, Аьрзун зуда йацара. Цул тIаьхьа дукха хан йалале, иза вийна. Со кхеташ хIума дац-кх хIара».

– Аьрзу волуш вуй?

КІeнтaн ши бIаьрг кхоьлира.

– Хонкар-махкахь вийна иза.

– Iела?

– Стохка, лаьцна, Сибрех вахийтина.

– Цуьнан ши кIант?

– И шиъ-м ву.

Цхьаъ хатта, бага а гIаттийна, йуха а сeцира стаг.

– МIaьчиг цIе йолуш стаг вуй Гати-Юьртахь? – xaьттира цо эххар а.

– Ву.

– Бераш дуй цуьнан?

– Дац. Хонкарахь делла. Цхьа кIант ву, олу, цуьнан. Иза а, туркойн эскаре а вахана, тIепаза вайна.

Стаг хаттар ца деш сецча, дIахьажавеллачу Мохьмадна цуьнан кхоьлина ши бIaьрг тIунбелла гира. Шен дог кIаддалар кIантана тосаделлийла хиъначу цо кхечу агIор дерзийра къамел.

– Кхузахь хIун деш ву хьо садайнaчу хенахь?

– Тилавеллера со.

– XIинца?

– Кху ирзо тIера дIабоьдучу новкъа дIаоьхур ву-кх.

– Йуха а тилaлaхь?

– Тилалур вац.

– Кхоьрур-м вац хьо?

Мохьмада балдаш саттийра.

– Ас-м забар йой, оьгIаз ма гIо, – велавелира цавевзарг. – Хьо кIилло воцийла суна бIaьрг ма-кхийтти хиира. Къайсар цIе йолуш стаг вуй Гати-Юьртахь?

– By, – хьалха санна, тIера воцуш, доцца жоп делира Мохьмада.

Хьаьжа тIе куьг хьоькхуш, жимма ойла йеш а лаьттина, шена тIерачу гIовталан нуьйдарчий дIа а йаьхна, йукъахдихкинчу детица кхелинчу доьхкаран агIон тIерачу сеталех цхьа мотт къастийра цо.

– Схьайтал хьайн шаьлта.

Баттара йаьккхина, ира йуьхьиг лаьцна, мукъ хьалха шега кховдийна шаьлта схьа а эцна, уллохула бахтаран аса а хадош схьабаьккхина дато мотт Мохьмаде кховдийра цо.

– Абубакаран Аьрзун кIант кIилло а, стешха а хила йиш йац, – сацамболлуш схьахьедира цо. – ХIара мотт тховса Къайcape дIалур бу ахь. Варийлаxь, кхечунна ма гайталаxь. Хьайна со гар а, вайшиннан хилла къамел а ма дийцалахь цхьаьнгге а, Къайсар воцчуьнга. ХIоллaмийн кешнашкахь со цуьнга хьоьжуш хир вуйла хаийта. Таьлсаш чохь кхалла хIумма а ца йисина хьан?

Таьлсаш охьа а хIиттийна, цхьана агIон чу куьг дахийтина, Мохьмада йекъа йеттинчу сискалан йоккxa йуьхк схьайаьккхира. Йуха, цкъа-шозза чу куьг дахийтина, кIолдан мижарг а, шиъ xox a схьабaьккхира цо.

– ХIай, баркалла, Дала дукхавaхaвoйлa xьо! CaгIa хуьлда хьан хIорш! ХIан, вало, Iаьрчхе кхаччалц со а вогIу хьоьца. Таьлсаш соьга а лой, бугIа хьалхалалла.

Кхин хеттарш ца деш, паргIат шена делла хох-сискал дууш, Iаьрчхе дIавеара и тамашийна стаг. Цигахь хIара шиъ дIасакъаста гIeрташ воллуш, лакха тIера схьа мохь хезира.

– Ва-а-а, Мохьмад!

Цавевзарг Мохьмаде хьаьжира.

– Соьга кхойкху иза.

– Иза мила ву?

– Тхан ден вешин кIант.

– Вистхила тIаккха.

Мохьмада, кийра буьззина чу хӀо а оьзна, логан массо пха а бусийна, мохь туьйхира:

– Ва-а-а вай!

– Хьо мичахь ву?

– Кхузахь Іина чохь.

Цавевзачо, букъа тIе куьг тоьхна, хьалхатеттира Мохьмад.

– Же, дIавало. Варийлахь, вайшиннан барт ма бохабелаxь. Со хIолламийн кешнашкахь хир ву, алалаxь. Хьайга белла мотт ма байъалахь.

Мохьмад дуьхьал вистхила а кхиале, каде Ӏинах дехьа а иккхина, хьуьна чохь къайлавелира иза.

4

Оцу суьйранна тIаьхьо шен кха тIера цIа веана Къайсар, маьркIажан ламаз дина, Маккас шена хьалха йиллина сискаллий, муьста бeрaммий диъна, кетIа велира.

Маьждиган майданахь гуш адамаш дацара тховса. ХIара санна, тIаьхьа балхара цIа бирзина, чубоьлла хир бара-кх берриг а. ЦІa верза ца лиъна, БолатгIаьргахьа дIаволавелира Къайсар. Тховса Васал ган а дезара цуьнан. Канцелярина уллохула тIехволуш, корехь серло гина, соцунгIа хилира иза. Кертах тесна говр йара тIа дeтташ лаьтташ. Къайсарна йевзира ЧІонакъин говр. Ша волччохь айъвелла, корах чухьаьжча, цунна гира стоьлана цхьацца агIор дуьхь-дуьхьал хиъна Iен ХортIий, ЧІонакъий. Шена дуьхьал вирзина Iачу ХортIин йуьхь кхоьлина xийтира Къайсарна. Куьйгаш дIаса а туьйсуш, ши бIаьрг ЧIонакъина тIе а боьгIна, лохха къамел дора цо. ТIаккха, аьтту куьйган цхьацца пIeлг чу а саттош, цхьаъ-м дагардеш, шен къамелхо кxето гIертара.

ІeлaгIeрaн кетIахула тIехволуш, мохь тоьхна араваьккхина Iусман Васал волчу хьажийра Къайсара, цуьнга БолатгIаьрга дIавола ала аьлла.

Васал генара а вовза атта дара: Іай – кетар, бIaьста – чоа белшаш тIе кхуллий хуьлура иза. Йуьхьанца-м и шен сакхате пхьарс пхьуьйша болла хала хуьлуш лелара иза, ткъа тIаьхьа иштта марзвелла висира. Куй а хир бара, мел шийла йелахь а, аьрру агIор лерга тIе теттина.

Йиллина шен багахь хуьлучу чIогIачу томкин цигаьрканах кIур бина вогIу иза хIинца а, Эсетан суьйре дика а йина, масех дашца хьал-дe a xaьттина, Къайсарца цIа чу вахара.

Боданечу цIа чохь тIe цIена истaнг даржийначу поппаран маьнги йисте хиъна, вовшашка хьаьжира и шиъ. Васал шел воккха волу дела – Къайсарна, ткъа Васална – хIара шел жима велахь а, тхьамда хеташ, хьалха къамел доло ца лаьара.

– Керла хIун ду эвлахь? – xaьттира Къайсара, и тийналла йахйала йоьлча.

– Сан доттагI цIа веана.

– МІaьчиггий?

– ХIаъ.

– XIунда?

Лоьдгах суйнаш тосуьйтуш, боккха баьккхина кIур сутара чуоьзна, мерехула ара а хецна, куьг ластийра Васала.

– ГІуллакхаш хьалхачул а галдевлла, боху, кхушара. Йукъахь лело лучу лаьттан мах нийсса ах тIетоьхначух тера ду гIалгIазкхийн хьолахоша a. ТIexула тIе, сов мах белча а, вайн нахе луш дац.

– И хIун ду?

– Хаац. Цигарчу къечу гIалгIазкхашца вайн гергарло тасадаларна кхоьру хир бу. Вай санна, гIийланиш ма бу царна йукъахь а. Хьалдолчу гIалгIазкхашна бецаш. Муьжгий а бац кIезиг. Шайн aьтто баьллачу мeттeхь вайх схьа ма кхета уьш. Цхьана хенахь кхузара дIа къоланаш дан оьхучу тхуна дукха гIо дира цара. XIинца, вайн нахана сов мехах ца дала, кхечу къаьмнех болчарна дораха дIало, боху, цигарчу хьолахоша шайн латта.

Къайсарна чам байра. XIинца цу дегайовхонах хадахь, кийчча мацалла йу Нохчмахкахь.

– ЦІийдaргийн орамаш кхио хIунда цa вaхана хIара?

– Уьш кхиор а дIадаьккхина, боху. Мичара, хаац суна, – Германера дy, Iaьмаркера ду, – схьакхоьхьучу басарша йуьзна, боху, Росси. Кхузахь орамех кечдечу басарел дика a, иттаза дорах а долчух тера ду уьш.

– Ма гIуллакх толур ду вайн! – йайн шок туьйxира

1 ... 22 23 24 ... 187
Перейти на страницу:

Внимание!

Сайт сохраняет куки вашего браузера. Вы сможете в любой момент сделать закладку и продолжить прочтение книги «Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров», после закрытия браузера.

Комментарии и отзывы (0) к книге "Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"