Топ за месяц!🔥
Книжки » Книги » Историческая проза » Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

38
0
На нашем литературном портале можно бесплатно читать книгу Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полная версия. Жанр: Книги / Историческая проза. Онлайн библиотека дает возможность прочитать весь текст произведения на мобильном телефоне или десктопе даже без регистрации и СМС подтверждения на нашем сайте онлайн книг knizki.com.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 16 17 18 ... 38
Перейти на страницу:
Конец ознакомительного отрывкаКупить и скачать книгу

Ознакомительная версия. Доступно 8 страниц из 38

class="p1">– Ца оьшура иза-м…

Ша ахчанан ведомость кечйеш, Кривошеевна дагайеара кху чохь цхьа кІира хьалха хилла инцидент.

Покровкехь вехаш волчу къоначу стага Солтагериев Лоьмас Сталине арз йаздинера. Оцу тІехь кІанта дуьйцура нохчийн халкъ бехк боцуш махкахдаккхар а, махках дохучу дийнахь а, схьадалош новкъахь а цунна тІехь бина ницкъ а, кхузахь шаьш хьоьгу Іазап а. Кехат районера ара ца даьллера. Цхьа кІира хьалха и кІант ша волчу кхайкхира Кривошеевс.

Кривошеевна моьттура иза цхьа бІаьрла жимстаг хир ву. Амма хІара оза йуьхь йолуш, дегІана хесара йалхитта-вуьрхІитта шо хенара кІант вара. ХІокху шиннан къамел деха ца хилира.

– Солтагериев Лоьма вуй хьо?

– By.

– Оьрсийн мотт мичахь Іемина хьуна?

– ГІалахь хьехархойн техникумехь шина шарахь дешна ас.

– ХІара арз ахь йаздиний? – кхо маьІиг йеш хьарчийна кехат дІагайтира цо.

КІантана девзира иза:

– Йаздина.

– ХІара хІунда йаздина ахь?

– Оцу тІехь дуьйцу ас иза хІунда йаздина.

– Сталина, правительствос а биначу сацамашна дуьхьал ву хьо?

– Сталинна хууш дац тхан халкъана тІехь динарг!

– ХІета, цунна а ца хууш даьхна шу махках?

– Цунна ца хууш ца даьхна, цуьнга харц дерг а дийцина, иза Іеха а вина, даьхна.

Кривошеев, хьала а гІеттина, ши куьг букъа тІехьа а лаьцна, цІа чухула волавелира.

– Хьан тентак коьртехь хьекъал ду ткъа хилларш хаа а, къасто а? Шайн дайша а, вежарша а лаьмнашкахь советан Іедална дуьхьал тІом беш, фашисташна гІо деш, мичахь вара хьо?

– Бакъ дац иза! – мохь белира кІентан.

– Сацайе хьайн муцІар, фашистийн къутІа!

КІант дІатийра.

– Кхин йаздийр дуй ахь хІара тайпа арз?

– Кху районера арадолуьйтуш ца хилча, эрна ду йаздар.

– ДІакхочург хилча, йаздийр дара ахь?

– Дара.

Уллош тІехволуш, цІеххьана саца а сецна, шен ницкъ ма-кхоччу ластийна, цуьнан лерган агІох тІара туьйхира Кривошеевс. ДІакхоссавелла кІант, пен лаьцна, ирахь сецира. Цергашца къевллина балда а лаьцна, оьгІазаллех буьзна баьргаш Кривошеевна тІе а боьгІна, лаьттара иза. Цуьнан шина а мерІуьргахула цІий доладелира.

– Кхузашхула схьадалош къа а ца хьоьгуш, шайн лаьмнашкахь дайъа дезаш дара шу! Аганара бераш цхьаьна! Дуьнен чуьра шун хІу дІадаккха! Бандиташ! Фашистийн хьадалчаш! ХІара тайпа а, цхьана тайпа а кехат йаздан хьуна дагадагІахь, – кІентан мера кІел Іоьттира цо цуьнан арз, – ас набахтехь вахкор ву хьо! И хьайн фашистийн диркх цІанйай, суна гучуьра дІавала!

– Хьо ву-кх бандит а, фашист а! – мохь белира собар кхачийначу кІентан.

Шена хезначух ца тешаш, цхьана минотана акъваьлла лаьттира Кривошеев. ТІаккха, катоьхна иза шиний куьйга схьа а лаьцна, шен ницкъ ма-ббу легаш Іаьвдира. Цуьнан садукъдала доьлча, дІа а хецна, вортанна тІера схьа а лаьцна, мийра тоьхна неІ йиллина, сени чу кхоьссира…

– Солтагериев Лоьма цІе йолуш кІант вуй Покровкехь? – хаьттира цо нохчочуьнга, куьг тaІo цунна хьалха ведомость а йуьллуш.

– By.

– Къаьсттина а боккха тергам оцу кІантана тІехь латтор бу ахь. Іедална дуьхьал цо къамел дой хьожуш, ладогІа. Мацвелча, къола данза Іийр вац иза. Ишттаниг цуьнгара далахь, соьга хаам бе. Доцца аьлча, цо закон талхийна меттиг лаха.

Коменданто шега кховдийна ахча, дагар ца деш, пальтон чухуларчу кисана таІийра нохчочо.

VII

Мария Петровнас, дика йуза а йина, кара бепиган буханкин цхьацца ах а, хи чу йоьхкина помидораш а йелла, дечиг дІа а ца оьцуш цІа хьажийна ши зуда, шаьшшиннан маххьаш гІиргІазойн цхьана йоккхачу стагана сусмех3 дІа а доьхкина, цІа йогІура. Шиннен а йаххьаш йекхайелла йара хІинца. Дицделлера кІадйалар а. Моьттура, дуьненара дерриге рицкъа кара а лаьцна, шаьшшиъ цІа йогІу. Шен-м дукха ойла а ца йора Занус, иза йоккхайера кегийчу берашца йисинчу Хелипатан тахана хІара аьтто нисбаларх.

Шаьшшиъ школана гено йаьлча, Хелипат саца а йина, шегара помидораш а, сусма а цуьнга дІакховдийра Занус.

– Ахь хІун до? – цецйелира Хелипат.

– ДІаэца. ХІорш хьуна йуьту ас.

– Делхьа, оьцур йацара-кх. Хьо а ма йац, цІахь баьрчче хьаьжкІийн гали хІоттийна, Іаш!

– Со цхьаъ бен йац. ХІара бепиг суна шина-кхаа денна тоьур ду. ТІехула тІе, ас денна йоккху сайна мацалла ца йаллал хІума. Ткъа хьан цІахь кхоъ бер ду. ДІаэца, Хелипат, суна лаьа царна хІорш лойла.

Хелипатан ши бІаьрг хих буьзира. ХІан-хІа, цунна кІезиг хІума дацара иза. Цаьрца оьзна деши а, уьш а цхьацца агІор дехкича, цо, деши дІа а теттина, и дуьра помидораш а, сусмин пхи межарг а схьаоьцур бара. Шен дуьхьа а доцуш, ткъа мацалла мажделла, тишачу йургІана хьаьрчина, ша цІа йаре ладоьгІуш, шийлачу цIa чохь мацалла лечу кхаа беран дуьхьа. ХІетте а, уьш схьаэца, царна тІе куьг ца кховдадора Хелипата. Церан дуьхьа ма йахана ткъа Зану гена лаьмнашка, церан дуьхьа ма кегийна цо хІара шийла хатт.

– ДІаэца, хІумма а дац, – каратаІийра Занус цунна уьш.

Дегочу куьйгашца схьа а эцна, уьш вукхарна тІe тужуркин кисана тийсира Хелипата.

– Оцу вайн везачу Дала хьан майрачун коьрта тІера, цуьнан сина кхачо, хьо хьайн дех-ненах, йиша-вешех дІатоха, вай вешан даймахка цІа дерзо, вайн везачу Дала, Пайхамарша, эвлайааша къобалдина сагІа хуьлийтийла хьан хІорш! – бІаьргех корталий тІам хьоькхуш, халла йистхилира и. – Дала дукха йахайойла хьо! Дала ирсе йолда хьо! Кху дуьненан даьхни дерриге а ахь сайна делча санна, хазахийти-кх суна…

– Хьанала хуьлда хьуна а! Иза-м доккха хІума дацара. ХІара рицкъа вайна деллачу Далла бу хастам. Иштта къинхетаме вайша тІеэцначу оцу оьрсашна а хуьлда Дела реза! Цаьршимма xIapa дийр дуйла хиънехь, оцу керта гІур йацара со. Иэхь хетийти цара.

– Хьо-м дуьххьара йеанера, Зану. Со хІинца кхозлагІа йахана цаьрга. Кхуззе а, сан мохь дІа а ца оьцуш, кара хІума а йелла, цІа хьажийра. Иэхь хета, дера-кх. Цкъа а, шозза а ишттанехьа хІума йелча, кхозлагІа мукъане а дечиг дІаоьцур дац-те бохуш, йахара. Ас-м ишттанехьа а лур дара, ца оьшу хир ду-кх царна.

– Иэша-м, дера, иэшара царна. Цуьнан зуда ша а хуьлу хьардаш лехьош. ДуьххьалдІа вайх къахеташ лела уьш а. Кхечунна дохкийта дуьту.

Гена боццуш лома хьалаболучу урамехула схьагучувелира дуткъийчу серагийн цІов ги а тесна вогІу лекхачу дегІера вуткъа воккха стаг.

– Вий, йелла йала со дела!! – мохь белира Хелипатан, иза гича. – Боккха болх бу-кх хьо гай! Ахь дицдо-кх доллу хІума а.

–ХІун хилла? – Хелипатах ца кхеташ, дІасахьаьжира Зану.

– ХІун хилла бохург хІун ду! Велла Іуьллу Аюб вицвеллера-кх суна. Цхьа Дала ма-лоьхху Іабдул-Іаьзам а ву вогІуш.

Ши зуда воккха стаг тІекхаччалц сецира.

TIeдоьлхучу дерзо тІадийначу кетаран тІемгаш хьала а карчийна, уьш йукъах дихкинчу гатанах а доьхкина, шен когара маьхьсешна тІехула йуьйхина йоций теш йолу калош ларйан гІерташ, хатт кІезиг болу меттиг лоьхуш, керта йистошца, лаьтта бІаьра а вогІавелла, вогІура Іабдул Іаьзам.

***

Оцу йуьртахь пхи-йалх стагана а бен ца хаара и

Ознакомительная версия. Доступно 8 страниц из 38

1 ... 16 17 18 ... 38
Перейти на страницу:

Внимание!

Сайт сохраняет куки вашего браузера. Вы сможете в любой момент сделать закладку и продолжить прочтение книги «Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров», после закрытия браузера.

Комментарии и отзывы (0) к книге "Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"