Топ за месяц!🔥
Книжки » Книги » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

30
0
На нашем литературном портале можно бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полная версия. Жанр: Книги / Историческая проза. Онлайн библиотека дает возможность прочитать весь текст произведения на мобильном телефоне или десктопе даже без регистрации и СМС подтверждения на нашем сайте онлайн книг knizki.com.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 160 161 162 ... 167
Перейти на страницу:
Конец ознакомительного отрывкаКупить и скачать книгу

Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167

училище деша вахара. Амма иза чекхйаккха хьекъал ца тоьъна, паччахьан конвойхь гIуллакхдан йухавирзира.

Оьрсийн-японийн тIом болабелча, Куропаткинца фронте вахара иза. Цигахь Дагестански дошлойн шолгIачу полкехь тIамехь дакъалецира. ТIом чекхбаьлча, оццу полкаца ДегIастана веара. ТIамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна, Георгин кхоалгIачу а, йоьалгIачу а даржийн орденаш йохьуш.

ХIетталц ша гайтина хьуьнарш хьесапе ца лорура цо. Поручикан чин а лахара хетара. Зеламха лаьцча йа вийча, полковникан чине дог дохура цо. Бакъду, иттех де хьалха областан администрацехь хиллачу цхьамогIа хийцамаша жимма сагатдора цуьнан. Кибировн дика йукъаметтигаш кхоллайелла инарла Михеев областан начальникан даржера мукъаваьккхина. Даржехь лахвеш, Тифлисе дIавигна иза. Кибировн доттагIалла тасаделла масех чиновник а мукъаваьккхина. Михеевн метта областан начальник хIоттийна инарла-лейтенант Сергей Николаевич Флейшер. Немцочух хилла оьрси. Кибировн цуьнца хьалхара цхьаьнакхетар дика чекхделира. Амма иза чIогIа низаме, кIоршаме ву бохуш дуьйцу. Немцойн цIий ма ду цуьнан пхенашкахь. Нагахь санна тховсалера операци кхиамца чекхйалахь, Кибировс пусар дийр дац цуьнан.

Доцца аьлча, тховса къаьстар бу Кибировн карьерин кхоллам а…

4

Пхьуьйра-ламаз дина, вирд даьккхина, садаIа дIатевжира Зеламха. Пенах тоьхначу жимачу анна тIехIоттийна мехкадаьттанца баго эчиган чиркх гIийлла серло луш богура. Шеллуш, пешахь цIe латтайора Зеламхас. ХIетте а шена тIера исхарин гIовтал, лаьстиган хеча, когара тIергIан пазаташ дIа ца йохура. Цкъа-делахь, тIехулара бедарш дIайаьхча, дегIана хорша хуьлура. ШолгIа-делахь, цхьа кхераме минот тIехIоьттича, бедарш тIейуха хан хир йацара. Эткаш а хуьлура маьнги улло хIиттийна, кийчча.

Арахь догIа дара комаьршша тIедоьлхуш. Коран ангалих раз деттачу догIанан татанаша даг тIе сингаттам туьйсура. Йовмирза цIахь вацара. Цаьршинна керла сискалш, нехча, кхачанан цхьацца сурсаташ дохьур дара, бехйелла бедарш йитта дIа а лур йара ша аьлла, маьркIажан бода боьлча, Шела ваханера иза.

Зеламха шен ойланашца цхьа висинера хIокху хIусамехь. Мел дIахьийзайарх а, ойла доьзална тIейоьрзура. Беци, Зезаг, бераш ган сатуьйсура цо. Ши шо сов хан йаьллера цунна уьш газа. Могаш велахьара, хьалхалера тешаме накъостий а белахьара, доьзална хIоттийна мел доккха ха хилча а, йукъара схьа а баьккхина, лаьмнашка дIабуьгур бара. ТIаккха цаьрца Хонкара дIаваха гIуртур вара. Амма Зеламха ша цомгаш ву. Могаш хилча а, хьалхалера накъостий а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, Iусман, Жабраил, кхин дуккха а…

ШахIабан хIусамера араваьлча, ДегIастанан дошлойн полках вовшахтоьхначу шен отрядаца Йовмирзин кIотара сихвелира Кибиров. Отрядаца бара Шелан йуьртда Дослихов Михаил а, цуьнан гIоьнча ГIезамахьмаев Мурад а, округера къайлах агенташ болу нохчий а. ТIедоьлхуш догIа, буькъа хатт, Iаьржа буьйса. Наггахь ткъесо серладохура цIа, рагIу, элан рагI, хьаьжкIийн такхораш. Говраш варшахь а йитина, цIа йукъалоцуш дIаса а баьржина, тIаккха тIеттIахуьлуш, дитташна, такхорашна тIехьа а лечкъаш, цIенна луьстта гo бира цара. ЦIенна гергагIорта ца баьхьара уьш. Царна дика вевзара Зеламха. Цхьанна а вала ца лаьара.

Шедидана девзара Йовмирзин цIа. Церан доьзал чохь Iачу цIа чухула хьала тхов тIе волуш кор ду, аннех динчу негIарца дIакъовлуш. Масех гераг дIа а эцна, тхов чу а ваьлла, негIар дIаайича, нагахь санна Зеламха цIа чохь велахь, шена кхерам а боцуш цунна тухийла дара. ЦIенна тIеваха Кибировгара шена бакъо йаьккхира Шедида. Кибировна зен ма ца хуьлура Зеламхас и йамарт нохчо верах. ХIара берриг нохчий байа ницкъ белара цуьнан, цхьа а дийна а ца вуьтуш. ТIе, Зеламха оцу цIа чохь велахь, Шедидана а, цуьнан вешина а Iедало ахча лур долуш а хилча. Лахь а, шен дуьхьа лийр ву иза.

Ойланийн йийсарехь велахь а, лерг сема вара Зеламха. Арахь цициг доладелча а, хаьара цунна. Тхов тIехь цхьаммо бай ког боккхуш санна хетта, сема ладуьйгIира цо. Шеко йацара тхов тIехь цхьаъ хиларан. Иза Йовмирза хуьлийла а дацара. Шела вахана Йовмирза а муха хуьлу тхов тIехь? ЦIахь хилча а, тхов тIехь цо хIyн до? Тхевнан кора тIе ши бIаьрг буьйгIира Зеламхас. HeгIap меллаша хьалаайадала дуьйлира. Тхов тIерачу стеган куьг хир ду аьлла хеттачу хьажийна топ туьйхира Зеламхас. ТIаккха кога эткаш йуха а ца кхуьуш, тапча гIовталан кисана а йоьллина, патармийн гIап коча а тесна, топ карахь бодашка иккхира.

Шедидана, аьтту пхьаьрсах хьакхалуш, йай чов йира Зеламхас тоьхначу тоьпо. Зеламха цIа чуьра араоьккхур вуйла хууш, сихха тхов тIера чуиккхира иза. РагIу тIехьа дIахьаьдда воьду Зеламха гина, шен чов тергал а ца йеш, тIаьхьа топ туьйхира Шедида. Амма важа paгIy тIехьа къайлавелира.

Шедида тоьхначу тоьпо белшах чов йира Зеламхина. Иза варша дIагIертара. Цигара схьа цунна дуьхьал тоьпаш туьйхира. Тоьпан серло йуьйлучу дIа топ йеттара Зеламхас. Цамгаро гIелвина, иза ца вадалора. TIe, хьаьжкIийн кха тIехь хатто когаш лоьцура. Хатто когара пазаташ а дIайаьхнера цуьнан. Йуьхь-дуьхьал догIа деттара, бIаьргаш делла а ца вуьтуш. Халла гIодамийн цхьана такхорана тIе а кхаьчна, голаш тIе охьалахвелира иза. Дошлошна хьалха, Зеламхина герга волчу Кибировс тоьхна тапча пхьаьрсах кхийтира цунна.

Зеламхин пхьаьрсах, белшах цIий оьхура. XIopa минотехь дегIан ницкъ оьшура. Бода белахь а, цунна къаьстира дошлошна хьалхара Кибиров. Шен берриг ницкъ тIегулбина, могашчу куьйга лаьцна, Кибировна хьажийна топ туьйхира цо. Иза шиний куьйга гай лаьцна, голашна тIе охьалахлуш а, йуьхьар хаьрцаш а гира Зеламхина. ХIинца дошлошна хьалхавелира кхин эпсар. Иза прапорщик Абдуллаев вара.

Зеламхе тIаьхь-тIаьхьа топ ца айалора. ТIаккха гIовталан кисанара схьайаьккхина браунинг йиттира цо, тIаьххьарчу патарми тIехIотталц.

МостагIий, гуо гатбеш, гергагIертара. Оьрсийн, нохчийн, суьйлийн меттанашкахь уьш вовшашка бистхуьлуш а хезара цунна. XIapa гуш вацахь а, массо aгIopхьара схьа такхорашна тIе тоьпаш йеттара цара. Зеламхина кхин а цхьа чов хилира. Оцу чевнех ша лийр вуйла а, кIелхьарвала цхьа а некъ боцийла а хиъна, Йасин деша вуьйлира иза.

Шен мотт саццалц, Йасин дийшира цо. Мотт сецча, дагахь а доьшуш. Ша иза доьшуш, хьалхахIуьттура ден да БIаьхо, да ГушмацIа, вежарий Хаси, Солтамурд, Бийсолта, Беци, Зезаг, бераш а. ТIаккха оцу кхойтта шарахь шеца халонаш, баланаш лайна, шел хьалха дуьненара дIабевлла шен тешаме накъостий…

Такхорана тIейетта тоьпаш ца совцош, текхаш герга а баьхкина, севцира мостагIий. Шайна дуьхьал тухуш топ йацахь а, хьалагIовтта ца баьхьара уьш. TIаккxa уггар майрачарех масех кхин а герга текхира. Такхорана уллохь, шен тоьпа тIе йуьхьар а вахана Iуьллуш Зеламха гира царна. Уьш ца тешара Зеламхех. Ша велла а моттийтина, мекарлонца тешнабехк барна кхоьрура. Ца веллехь а, иза вен, шайна кхераме волчуьра дIаваккха, шозза-кхузза цунна тIе тоьпаш туьйхира цара. Зеламха меттах ца велира. ТIаккха майрабевлла, тIебахара уьш. Абдуллаев, Дослихов, Бортигов хьалха а болуш, йуьйлина тоьпаш цунна тIе а хьажийна. Уггар хьалха Зеламхина уллохь лаьттахь Iуьллу топ а, тапча а схьаийцира цара. Йуха шиммо меттахъхьавина, аркъал ваьккхира. Иза дийна воцийла хиъча, толаме маьхьарий девлира церан.

Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167

1 ... 160 161 162 ... 167
Перейти на страницу:

Внимание!

Сайт сохраняет куки вашего браузера. Вы сможете в любой момент сделать закладку и продолжить прочтение книги «Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров», после закрытия браузера.

Комментарии и отзывы (0) к книге "Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"