Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167
хьоькхуш, Iелин тIаьххьара дешнаш дагалоьцура цо. – Хьо кхузахь оьшур ву. Дарц дала герга ду, буьрса дарц. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун таьIа, царна йуккъехь Iаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча. Хьой, сой саннарш хила беза, къомана тIе бохам беача…».
Каде хьалагIеттина, къена Ахьмад, шаьлтанан макъара тIе ка а диллина, майра ши бIаьрг лаьмнашца а кхарстийна, ондда гIулч йоккхуш, оцу буьрсачу дорцана дуьхьал накъосташна тIаьхьа йуьрта волавелира…
***
Соипан бертаза, иза шена тIаьхьара дIаваьккхира Зеламхас. Иза накъост воцуш вуьтур вац ша бохуш, Зеламхица виса гIерташ, чIогIа дуьхьало йира Соипа. Амма Зеламхас ца витира иза шеца. Йа Бетарсолта а, йа Жамаьлда а. Зеламхина хаьара Iедало шена тIаьхьабаьхна къайлах агенташ хилар. Цхьацца йартийн йуьртдай а, шен чIирхой а. Ткъа и йуьртдай а, агенташ а муьлш бу, ца хаьара. Цхьанхьа шена йамартло, тешнабехк бийр буйла хууш, шеца накъост ца вуьтура цо. Ша цхьаъ хилча, къайлехь латта атта хетара.
Соип цIа вирзина бутт сов хан йара. Амма цкъацкъа денна-буьйсанна араволий, мича вахана а ца хууш лелий вогIура.
Зеламха цомгаш ву бохуш, хезнера Овхьадана. Ткъа цуьнгара хьал ца хаьара. Овхьад шеквара Соип иза волчу воьдуш хиларх. Кешнийн кертара арадевлча, Соип шена улло нисвелча, цуьнца къамеле велира Овхьад.
– Деши хIун деш йу? Могаш йуй иза?
– Могаш, дика йу. Хьо ганза хан йаьлла, хIун деш ву-те иза олий, хотту цо а.
– Делахьа, даим иза ган хан йуьллуш, ледарлонна ца вогIуш Iа со. Зеламхера хьал хаьий хьуна? – цIеххьана хаьттира цо.
Соип цатешаме дIахьаьжира цуьнга.
– Ца хаьа суна.
– Сох ца теша хьо?
– ХIунда ца теша? Сан ден уггар тешаме доттагI ма хилла хьо. Бутт сов хан йу со Зеламхех дIакъаьстина. Иза мичахь ву, ца хаьа суна.
– Накъосташкахула хIумма а ца хезна хьуна?
– Зеламха цомгаш ву, олу цара.
– Хьал муха ду-те цуьнгара?
– Кхераме дац, олу.
Овхьада кхидIа хаттарш ца дира. Соип йа тIе ца кхочура Зеламхина, йа, тIекхочуш хиллехь а, дийца ца лаьара…
ХХVII корта. Турпалан Iожалла
…Цунна маршо йезара. Иза майра, оьзда къонах вара. Шен зуда, бераш ган воьдуш, вийра иза…
А. Макеев
1
Хорачан хьехара кIелхьарваьлла Зеламха, цIе йаккха цхьа а доккха тIелатар ца деш, дIатийнера. Кегий талораш деш меттигаш хуьлура областехь, амма уьш теллича, Зеламха церан декъашхо ца каравора. Ткъа инарла Михеевна, областехь муьлхха зулам хилча а, цигахь Зеламхин куьг гора.
Зеламха хьехара веддачул тIаьхьа Ведана а, Соьлжа-ГIала а округашкарчу цхьамогIа йарташна таIзарш дира Михеевс. Зеламхин гергарчу нахах а, иза чувитина аьлла хаам хиллачу йарташкара а бIе шовзткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтира. Зеламхица уьйр йу боху ворхI шайх шайн доьзалшца пхеа шарна Калуге, Астрахане ссылке бахийтира. Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дIакхелхина, гергарчара цIа а валийна, цуьнан йуьртахь Эвтарахь дIавоьллира.
Минусинскехь ссылкехь хилла Зеламхин доьзал а хIокху аьхка цIа балийна. ГIараваьллачу нохчийн адвоката Мутушов Ахьматхана гIайгIа бина иза цIа берзош. Пачхьалкхан Думан депутаташкахула а, юстицин министрехула а. Хорачахь-м хьовха, муьлххачу нохчийн йуьртахь бахар а дихкина Зеламхин доьзална. Соьлжа-ГIалахь, нохчийн цхьана совдегаран Мурзаевн цIеношкахь сацийна, гонаха доккха ха а хIоттийна.
Зеламхин доьзал ссылкера цIа берзорна дуьхьал вацара Михеев. Зеламхас кхерамаш туьйсуш, къамкъарг лаьцнера цуьнан. Чермой ломахь кIело йина некъийн инженераш а, царна ха деш хилла дегIастанхойн дошлой а цо байъичахьана, кхоьруш, синтем байна, дуьне гатделлера цунна. TIе, доьзал Сибрех бахийтича а, шайхаш ссылке бахийтича а, цхьа гIулч а йуха ца велира Зеламха. Мелхо а, дарвелла, карзахваьллера. Доьзал йийсаре бигначул тIаьхьа Iассан тIай тIехь а, Чермой ломахь а дира цо шен гIарадевлла тIелатарш. Цхьа минот йисира цо Соьлжа-ГIалара банк а, йармарка а ца талош. ТIаккха Хорачара хьех… Зеламха дийна мел ву, Теркан областехь машар, синтем хирг хиларх догдиллинера цо.
Бакъду, хьалха санна, хIинца кхераме вацара Зеламха. Обарган цIе йоьжнера цуьнан хьалкъана хьалха. Итт шарахь цуьнца хиллачу майрачу обаргех цхьа а ца висинера. Цхьаберш, лецна, Сибрех бахийтина, хан токхуш бара. Кхиберш таIзарийн отрядаша а, чIирхоша а байъинера. Шен гIеране керла накъостий тIеэца кхоьрура Зеамха. Ца тешара. Итт шарахь цуьнан гIеранехь хилларш шатайпа разбойникаш бара. Каторгера бевддарш. Нах байъина, мостагIалла тIехь дерш а. Iедална хьалха бехке хилла бевддарш а. Машаречу дахаре йуханехьа некъ боцурш. Уьш а тIеоьцура цо Iаламат чIогIа, лерина, церан дахар толлий. Накъостех тешара Зеламха. Церан дахарехь кхин некъ цахиларна. Маьршачу дахаре йухабирзича, Iедало йа ирхъухкур бара уьш, йа ткъех шарна каторге бохуьйтур бара. Ткъа стаг вийна обарг бевллачарна тIаьхьатоллуш чIирхой а хуьлура.
ХIинца и накъостий дIабевлла Зеламхин. Иза цхьа висина. Амма цхьа висинехь а, Iедална кхераме ву. Тифлисехь а, Михеевгахь а хаамаш бу, Зеламха коьрте а хIоттийна, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбеш бу бохуш. Коьрта кечамбархо ГIизлара-гIалин пурстоп хилла Коджаев Iабдул-Межед ву, боху. Нагахь санна халкъ гIатто ницкъ ца кхачахь а, ламанхошка Хонкара кхалхаре кхайкха Iалашо йу, боху, цуьнан. Коджаевс халкъа йукъа эладита даржийна, Iедало хьийзочу халкъехьа гIодаккхарна ша даржах вохийна бохуш. Бодане халкъ теша оцу хабарех. Эрзерумехь вехачу цхьана шайхо Зеламхе кехат даийтина бохуш а, дуьйцу. Цхьана ханна къайлавала, Iедалх ларло, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбелча, хьо имам кхайкхор ву бохуш.
Оцу хаамашца цхьаьна богIу Ведана округан начальникан подполковникан Караловн агентурин хаамаш а. Караловс йаздарехь, кестта Нохчийчохь гIаттам боло ойла йу Зеламхин. Къадари тIарикъатан вирдийн мурдаша Зеламха а, цуьнан хьуьнарш а хестош назманаш йаржийна. Йарташкахь къайлах гуламаш бина меттигаш а йу. ГIазот хьехор а алсамдаьлла.
Боданечу, фанатични болчу нохчийн бахархошна йукъахь Зеламхас эладита даржийна, боху, оьрсийн эскарша кхолха гуо бина, ша хьеха чохь висича, шайх Кунта-Хьаьжа а, пайхамарш Хизар а, Илес а шена орцах баьхкинера, ша хьехара ара а ваьккхина, кхерамазечу меттиге охьа а виллина, къайлабевлира уьш бохуш. Ткъа бахархой оцу эладитанех а теша. Доцца аьлча, Зеламха дIаваккха веза хIокху дуьненара.
ХIинца йерриг а дегайовхо Караловна тIехь йу.
Эла Караловга безам бацара Михеевн. Бакъду, цунна берриг туземцаш ца безара. Цунна-м хьовха, хIокху Кавказан администрацешкахь гIуллакхдечу оьрсашна массарна а. Каралов, Моргания элий бу. Россехь оьрсийн элийн сий ду. Уьш дворянаш ма бу. БIешерийн кIоргенехь деха орамаш, стаммий генаш долуш. Шайн долахь мехкаш а долуш. Цхьаболчеран долахь йаккхий заводаш, фабрикаш йолуш. Паччахьан гонехь, правительствехь, губернешкахь лаккхарчу даржашкахь болуш. Ткъа хIара КараловгIар, МорганиягIар муьлш бу? Элий бохуш цIераш йу, кхин хьалхе-тIаьхье йац. Шайн махкахь, лаьмнашкахь цхьа масех ирзо, бIе корта даьхни, говраш, йуьртахойчул даккхий а, лекха а цIенош хила тарло церан. Доцца аьлча, хьолана, хьекъална, кхетамна шайн туземцел дукха
Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167