Топ за месяц!🔥
Книжки » Книги » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

30
0
На нашем литературном портале можно бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полная версия. Жанр: Книги / Историческая проза. Онлайн библиотека дает возможность прочитать весь текст произведения на мобильном телефоне или десктопе даже без регистрации и СМС подтверждения на нашем сайте онлайн книг knizki.com.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 154 155 156 ... 167
Перейти на страницу:
Конец ознакомительного отрывкаКупить и скачать книгу

Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167

Хьой, сой саннарш хьалха хила беза, къомана тIе бохам беача. Суна са ма гатде, цхьа бутт балале йухавогIур ву со.

…Оцу буса массеран Iодика а йина, Iуьйранна са ма-тесси, новкъа велира Iела.

Ша новкъа ваккха цхьа а ца ваийтира. Шеца цхьаьна регIа бевлла Ахьмад, Овхьад, Лорса, Iусман, Янаркъа цIа а хьовсийна, масех минотехь цигахь сецира иза.

Уггар хьалха Iаьрчхехь массарех къаьсташ лекха, зоьртала лаьттачу попана тIехь сецира цуьнан бIаьрг. Цуьнан бакъабала боьллачу буьхьан дерзинчу га тIехь Iapa Iaьpжa маккхал. Оцу попа кIел ваьлла иза дуьнен чу. И йоккха, йуькъа пепнийн хьун хилла цунна дуьххьарлера цIа. Гобаьккхина гуш йолчу хьаннаша, нанас санна, доладеш кхиийна иза ткъе иттех шарахь. Цунна йевза оцу регIахь массо меттиг. Дагна хьоме йу xIopa кол, гy, ор, Iин… Кхечарал башха, гергара йу кхузара стигал. Даим боьлуш, ша хьоьстуш, эсала хьоьжуш хета малх. Ткъа латта? Маржа-йаI, даймехкан латта! Жимачохь ненан некхах къаьстинчу берах тера хуьлу-кх хьох хаьддарг. Ма дукхадеза-кх хьо Iелина, ма дукха хьегна хIара хьох. Хьан дуьхьа шайн цIий Iенийна, хеназа хьан кийра бирзина цуьнан дай, вежарий, кIант… Хьоьга сатуьйсуш цхьа буй латта шен бесни кIел диллина, хийрачу махкахь лаьттах вахана Аьрзу. Маса, маса эзар воьжна хьан дуьхьа, маса эзар вужур ву шайн бераш маьрша, машаре хьуна тIехь дахийтаран дуьхьа!

Iела, ша волччу бертал а воьжна, шабаршца лаьтте къамел дан вуьйлира:

– Со вина сан нана, со кхиийна сан да, тхан цIийца хьандина даймехкан латта! ХIинца кхозлагIа букъ туху-кх ас хьуна, хIинца кхозлагIа воьду-кх со хьуна чохь са а дитина. Амма со йухавоьрзур ву, Iожалла ца хилахь. Йухавоьрзур ву, дийна ца верзахь, велла а. Хьан кийрахь бен карор бац суна синтем. Нагахь вайна йуха ган ца доьгIнехь, марша Iойла шу, хьомсара латта, хьаннаш, лаьмнаш, ас декъаза бералла текхна меттигаш!

ТIаккха, схьаэцна, цхьа буй латта шен чоин бустамийн газар чу а доьхкина, хьала а гIеттина, кхин цкъа гонаха бIаьрг а тоьхна, чоин ши тIам доьхкарх а боьллина, хьалхахьа дIаволавелира.

ДIаса а ца хьоьжуш, чехка воьдура иза, саца а ца соцуш, наггахь шен гира пIаьлдиг а нисбеш. Ша Сибрехара цIа вoгIyш, Iаьнан оцу шийлачу буса цо йуьрта беана пIаьлдиг.

Некъ хьуьнах булучохь саца а сецна, кхин цкъа а регIа бIаьрг а тоьхна, волавелла къайлавелира иза.

Попан буьхьа тIехь Iен маккхал, дIacа а хьаьжна, шозза-кхузза сингаттаме мохь а тоьхна, гIеттина хьалайаьлла, хьаннашна тIехула хьийзайелира.

ЦIеххьана баьллачу чехкачу махо тахкийра къена хьун. Цо идо диттийн можа гIаш, хIаваэхь керчаш лаьтта а оьгий, оьрнаш чуй, коьллаш кIеллий лелхаш, соьцура.

Стигалахь цIеххьана Iаьржа мархаш гулйелира. Геннахь масазза а ткъес къегира. Дуьне къардан санна, къевкъира стигал. Лаьтта эга доьллачу догIанан даккхийчу тIадамаша новкъахь чан гIаттийра.

Оцу сохьта хийцаделла, дIахIоьттира Iалам.

Ткъа Iела дIавоьдура. Цунна тIехула, махо сеттош, вовшех хьекхош, цIийзаш, тийжаш, техкара къена хьун. Йуьхь-дуьхьал деттара догIанан дарц. ТIаьхь-тIаьхьа хотто дIалоьцура когаш. Амма цо болар ца лагIдора. Махо ловзадора башлакхан тIемаш. Мотталора, иза Iаламан ницкъо айъина вуьгу.

ДуьхьалхIуьттура тIеман йалхитта шеран буьрса денош. Лерехь декара Аьрзун весетан дешнаш. Цо ша дIaкхойкхуш санна, хетара…

3

Ши бутт баьллера Iела цIера ваьлла. Атталла хабар а дац. Вахана aгIo а хаац. Хонкара вахана бахар бен. Синтем байна хьийзара Iусман. Масех шо хьалха ду, тхох хьо къасто ницкъ кху дуьненахь бац бохуш, ден кара корта а биллина, Iусман вилхина. Ма атта дара тохара, иза вевзина а, гина а воцуш, дуьненахь воцург а лерина Iаш. Иза-м да хилла а ца Iарий цуьнан… Оцу йуьртарчу, Яьссин тогIеца болчу берриг нахана санна, цунна-м иза шен баьчча хетарий. Ша цхьана баттахь хьелур ву, амма йухавогIур ву, шена тIаьхьа ма гIерта аьлла, вахана. ХIетте а сингаттамо эккхийна вигна Iусман, цунах хилларг хааре дог дохуш, Соьлжа-ГIалахула, БуритIахула кхирстира. Вац цуьнан къена дада, лар а йац. Шена тIаьхьавар цо мел дихкинехь а, Гуьржех ваха сацам хилира Iycманан. ГIур а ву, дада карор а ву, иза воцуш цIа а вогIур вац, кхин цкъа а цунах ца къастархьама.

Iусманна наб ца кхетара, мел кхетийта гIертарх. Бодашкахь бIаьргаш а детташ, Iуьллура иза, сих-сиха ха а хорцуш. Сема велахь а, цунна ца хезара арахь шок йетташ, дорцан шийла цIийзар а, цхьаммо карзахдаьхна летачу жIаьлийн гIовгIа а. Цуьнан ойланаш генахула лелара. Ца бевзачу махкахула. Хонкарахула, гуьржийн лаьмнашкахула.

– Iусман!

Цхьа гIенахь санна, цхьаммо шен цIе йоккхуш хезна, ладуьйгIира Iусмана. Цхьаммо меллаша кор деттара.

Хьала а гIеттина, бодашкахь катоьхча карадоггIучу вуьжуш охьадиллина шен барзакъ схьаэцна, сиха тIе а дуьйхина, шаьлта йукъах а йихкина, тапча доьхкарх а йоьллина, патармех йуьззина ши гIап некха тIехь морзахйоккхуш коча а тесна, йуьйлина японски топ кара а лаьцна, араиккхира иза.

КетIахь лаьтташ кхо стаг гича, уьш хIун адамаш ду цахаарна, тIе ца воьдуш, сецира Iусман.

– Муьлш ду шу? – мохь туьйхира цо.

– XIapa-м со вара, Iусман.

– Доша, хьо ву иза? Схьачудуьйла.

Шеца болу накъостий кетIахь а битина, Iусманна тIeвеара Доша.

– Соьца берш хийра хьеший бу, Iусман. Вайнах бац уьш, цхьаъ воцург.

ТIедиллинчу лайно кIайвинчу кхаа хьеше маршалла а хаьттина, уьш чубийхира Iусмана.

– Цкъа хьалха чу гIой, чиркх латабай, хIорш чубига цIa кечдехьа, Iусман, – элира Дошас. – Тхо арахь совцур ду.

– Мох ца кхете мукъа а довлийша, Доша. Ас хIокху дела сохьта чудуьгу шу.

Сихха гIеттинчу Меданас хьешан цIа чуьра товха цIарах йуьйлира. Iаьнан шийлачу денца ца догIучу дуткъачу духарца болу хьеший цIарна гонаха хьаьвзира. ЦIеран серлонехь бIаьрг ма-кхийтти, хиира Iусманна уьш цхьаъ нохчо а, важа шиъ оьрси а, гуьржи а хилар.

Хьешашка хаттар ца дора Iусмана. Цхьана хIуманах дог кхиъна, чу алу йоьхкича санна, кийра богура цуьнан.

– XIapa кхоъ Гуьржехара веана, – элира Дошас. – Ма-боггIу Саьмби-КIотара кхаьчна хIорш, цигахь суна тIенисбелла…

– Ванах, тхан дадин хьешех ши стаг ву-те хIара шиъ? – шен дагахь дерг схьаэлира Iусмана. – Цо бийцинчу нахах тера ду кху шиннан аматаш.

– Волчух тера ду…

Даим санна, ша сихалха лун кхача – сискал а, йовха шура а йуьллуш, хьешашна шун хIоттийра Меданас. Шуьнца тховса тIекхеттарг гIалмакхан чай дара, шура а тоьхна, тIе даьтта а диллина тодина. Бохбелла, буьзна хьеший паргIатбевлча, Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах лаьцна жимма къамелаш деш а Iийна, хьешашка шен садуу хаттар дира Iусмана.

– ТIаккха, мехкан воцу ши хьаша, шуьшиъ мичара веана, стен валийна сан мискачу хIусаме? Шаьшшинна оьшург аш схьадийцахь, иза Делан гIоьнца кхочушдийр ду-кх вай.

– Тхо кхоъ Гуьржехара веана, – элира гуьржичо. – Хьан да, Iела, Сибрехь вевзина суний, Петроний. Цхьа бутт хьалха иза Гуьржех дIавеача, цигахь

Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167

1 ... 154 155 156 ... 167
Перейти на страницу:

Внимание!

Сайт сохраняет куки вашего браузера. Вы сможете в любой момент сделать закладку и продолжить прочтение книги «Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров», после закрытия браузера.

Комментарии и отзывы (0) к книге "Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"