Топ за месяц!🔥
Книжки » Книги » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров 📕 - Книга онлайн бесплатно

Книга Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

30
0
На нашем литературном портале можно бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров полная версия. Жанр: Книги / Историческая проза. Онлайн библиотека дает возможность прочитать весь текст произведения на мобильном телефоне или десктопе даже без регистрации и СМС подтверждения на нашем сайте онлайн книг knizki.com.

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 130 131 132 ... 167
Перейти на страницу:
Конец ознакомительного отрывкаКупить и скачать книгу

Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167

дийриг дан. Цуьнан онда гIортор йу Нохчийчохь, ГIалгIайчохь. И гIортор цигара халкъаш ду. И халкъаш, цхьа буй бина, цхьаьнатоьхнарш динадай бу. Тайп-тайпана шайхаш. Шуна Iаламат дика хаьа, Зеламхас ГIизларера банк а, Соьлжа-ГIаларчу станцин касса а талош, динан цхьана сектин коьртехь лаьттачу шайхан Баматгери-Хьаьжин кIант цуьнца хилла хилар. Шу дуй баа даьхьара дарий, кхечу шайхийн, молланийн кIентий Зеламхица ца хилла йа тахана а бац аьлла? Шайн шайхаша омра дича йа царна лаьий хиъча, жоьжахатин цIерга лелха кийча бу церан мурдаш. Уьш бу Зеламхин гIеранца а, зуламхойн кхечу гIeранашца а. И шайхаш кхузара дIа ца баьхча, цкъа а совцур дац областера зуламаш. Уьш кхузахь мел бу, Зеламха а хир ву. Цхьа Зеламха аш лаьцча йа вийча, цуьнан метта кхин зеламхагIар гIовттур бу. Шайн доьзалшца цхьаьна махках баха и шайхаш, кхиболу динан фанатикаш а. Разбойникийн меттамотт йаккхийчу йарташна генарчу, шун тергамна кIел йоцчу лаьмнашкарчу, хьаннашкарчу кегийчу кIотаршкахь бу. Уьш йохае, цигара бахархой аренга, йаккхийчу йарташка кхалхабе. Цул совнаха, Керкетехь Зеламхас байъинчу дошлойн, салтийн, инженерийн, некъан белхалойн доьзалшна а, Зеламха бахьана долуш зен-зулам хиллачу оьрсийн доьзалшна а гIоьнна нохчийн йарташкара, бIе эзар соьмал лахара доцуш, ахча даккха. Иза кхочушдан цхьа бутт хан ло шуна. Нохчийн йерриг а йарташка таIзарийн отрядаш хIиттае. Уьш кхабар бахархошна тIедожаде. Зеламха-м хьовха, муьлхха а цхьа разбойник шен хIусаме тIеэцначу доьзална, дийнна йуьртана луьра таIзар дан деза. И саннарг кхечу доьзалшка, йарташка ца леладайта. Хаалаш, кхузахь хIоьттина зуламе хьал а, шун кIедалла а цуьнан Воккхаллина императорна хууш хилар а, иза чIогIа шуна резацахилар а. Областера разбой тIаьххьара а, гуттаренна а дIайаккха хIун гIo оьшу шуна? Герз, эскар, ахча? Шуна оьшург дерриг а хир ду. Амма шу а хилийша жимма дийна, жигара. Кхузара хьал кхидIа лан ойла йац цуьнан локхаллин наместникан.

Кхеташонан декъашхоша гIайгIане ойланаш йора. Цаьргара хIун лоьху хIокху паркетни инарлас? ХIокхеран метта ша хилча, хIун дан воллура иза? Шайн ницкъ кхочург деш ма бу уьш. Йарташкара гIуданаш а доху, йарташ йоха а йо, лоьцуш, нах Сибрех а хьийсабо доьзалшца цхьаьна. ХIара сонта, къармазе халкъ ца къарло-кх…

2

Дешина ша ирсе хетара.

Шен дахаран ткъе итт шарахь къаьхьачун чам хиънера цунна. Муха ца хаьа, Болатах къаьстичхьана хIора дийнахь цо къаьхьа баланаш Iийшича.

Цо дагалоьцура Болат тIамехь хилла бархI бутт. XIopa минотехь иза вийна цIавалорна кхоьруш, шен деттаделла дог. Кхана иза лаьцна вуьгучу хьалхарчу буса Болата шега дина къамел. Иза салташа лаьцна вигна де. Дешис дош деллера Болатана, иза лаьцна вуьгуш, цунна тIaьxьa ца йелха. Цундела иза гучура валлалц дог эккха доллуш, хала садиттира Дешис. ТIаккха шен дагна маршо йелира цо.

ХIетахь Дешин дегIаца вара Соип. Болатах къаьстинчу хьалхарчу масех дийнахь йа шен дог эккхарна, йа ша эсах йаларна кхерайеллера иза. ТIаккха Iелин воккхахчу кIанте Iумаре дехарш дира цо, шеца БуритIа, Болат волчу, вагIахьара бохуш. Дешис чIагIо йинера, хьаькамаша бакъо лахь, Болатца набахтехь саца а, иза Сибрех вохуьйтуш, цуьнца цига дIайаха а. Цуьнца цхьаьна халонаш лан а, иза леччохь йала а. Болатах а къаьстина, дуьне, дахар ца оьшура цунна. Амма лакхарчу хьаькамо цунна бакъо ца йелира Болатца набахтехь Iен а, цуьнца Сибрех дIайаха а. Хьайна лаахь, тIаьхьа гIop хьо, аьллера.

Болат лаьцначул тIаьхьа ши бутт баьлча, Соип дуьнен чу велира. Цхьаьнггара а гIо доцуш, шен къинхьегамца ша кхиийра цо иза. Болатан куьйгех хаьдча, тишйелира церан хIусамаш. Лело боьрша стаг цахиларна, шайн лаьттан урд а, ши сту а боьхкира. КIантаца цхьаьна мацалла ца дала. Нахе caгIa ца деха.

ТIаккха Соип воккха хилира. Кертахь гIуллакх дора. Ахьмада а, Iусмана а гIo деш, газа-уьстагI а, ши старгIа а дендира. Ахьмада шен цхьа ирзо а делира хIокхарна. Ша долара а ваьлла, гуттаренна а. Соип зуда йалориг хилча, мотт-гIайба, пхьегIаш, кхиерг а йийзира. Ахча а дийзира. Церан доцург. Хила меттиг а боцург. XIopa шарахь йуьртара цхьаболу нах бIаьстенан йуьххьехь Теркйисте йолах балха боьлхура. Цхьацца таро хуьлий, гурахь цIа богIура. Соипана а лиира цаьрца ваха. Дуьненан дерриг самукъа а, сатийсамаш а цуьнца долчу, цунах къаьстича тоха са доцчу Дешина ца лаьара иза цига вахийта. Амма эшамо тIейерзийра.

ТIаккха хилира Деши кхийринарг. Оцу агIорхьара хир бу, ца моьттура цунна бохам. Ведана-гIопан набахтехь Соип волуш, оцу цхьана баттахь хиллачунна тIе а къанйелира Деши. Корта, ло санна, кIайбелира. Букъ сеттина, букархьаьвзира. Хебаршка ихна йуьхь жIоpмакax тарйелира. Ирх ца оллахь а, Сибрех вохуьйтур ма вара иза. Шен да санна, цигахь доьза вовр ма вара иза. ТIаккха тIаьххьара кIур бовр ма бара Болатан. Дешис ша а хIун дийр дара? Къаналла ма йара тIегIерташ, борз санна. ТIаккха иза хьанна тIетевжар йара, цамгаро лаьцна, кIелйисча, иза хьан кхобур йара, йелча, хьан дIайуллур йара, цуьнан кошан барза тIе мила хIуттур вара…

Дала ца хилийтира иза. Дала орцахваьккхира Зеламха. Цо, салтийн буйнара а ваьккхина, схьавелира цунна Соип. Гена лаьмнашкахь, жимачу кIотарахь цIа а тардира. Газа-уьстагI, бежана нисдира. Соипана зуда а йалийра. Масех шо даьлча, Iедална Соип вицвелча, шайн йуьрта цIа дирзира. ХIинца и шиъ цхьа дацара. Соипан зуда а, ши кIант а дара. Овхьада белхеш вовшахтухуш, керт-ков меттахIоттийра цхьана йоццачу хенахь.

Дешина ша ирсе хетара.

Муха ца хета, цхьаъ бен воцчу кIентан ши кIант хилча! Цуьнан Болатан тIаьхье хилча. И шиъ хилла а Iийр ма дац. Кхин а хир ду бераш. ЙоьIарий а, кIентий а. Деши къанйелча, цунна гонаха хьийза. Цуьнан дола дан. Цуьнан дог эца, дог дело.

Дешина ша ирсе хетара оцу масех шарахь. Ирсе йара иза. Амма цхьа бутт хьалха йуха а дуьне кхоьлира цунна.

Оцу деношкахь даим кхоьлина гора цунна Соип. Кертахь цхьа болх болош, чекх ца боккхуш, дIатосуш. Эххар а цхьана суьйранна къамел хилира цаьршиннан.

– Нана, Зеламхех дIакхета сацам хилла сан.

Деши йуьхьанца ца кхийтира цо аьллачух. Иза хаттаре кIaнтe хьоьжура.

– Со Ведана набахтехь волуш, айхьа лайна баланаш, со Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, хьайн дог эккхаза дисинера бохуш, дуьйцу ахь сих-сиха. ХIетахь Аюба а, Абубакара а салташкара схьа ца ваьккхинехь, со вийна хир вара йа Сибрехь доьза вайна хир вара. Оцу дийнахь со кIелхьарваккха Iожаллина дуьхьал хIоьттира и шиъ. ТIаккха гена лаьмнашка дIавигира. Суна цIа-цIе а тардира. Хьо а дIайалийра. Суна зуда а йалийра. Доцца аьлча, хьуна дерриг а хаьа. Вежарша вешин дийр дацара цара сан дина дола. И шиъ йамартлонца вийна. Сан ши ваша. Со воцург, чIир йекха верас вац церан. Вежарий бац. Цхьацца жима ши кIант ву, диъ-пхи шо долуш.

Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167

1 ... 130 131 132 ... 167
Перейти на страницу:

Внимание!

Сайт сохраняет куки вашего браузера. Вы сможете в любой момент сделать закладку и продолжить прочтение книги «Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров», после закрытия браузера.

Комментарии и отзывы (0) к книге "Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров"