Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167
дукха хан йалале, Мохьмад-Гери а валош, йухавеара. Иза элдарчу дегIахь, болатан басахь, ткъе пхийтта шо хенара стаг вара. Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, кхин къамел йукъа ца доккхуш, ша деана гIуллакх дийцира Зеламхас:
– Мохьмад-Гери, хьуна ма-хаъара, со лаца йа вен Iалашо йолуш, суна тIаьхьа талла араваьлла ши эзар салти, гIалагIазкхи, дегIастанхо, гуьржи ву. Андронниковс йийсаре бигна сан доьзал. Сан хIусамнана а, вешех йисина зуда а, цуьнан кIант а, сан пхи бер а. Кхана лаьмнашка хьалагIоьртур бу и Делан мостагIий. Ши эзар хьакха. Шайн коьртехь Андронников, Донагулов боху ши нал а йолуш. И шиъ а, цаьршинна тIаьхьара ши эзар хьакха а йен йеза ас. Соьца пхи накъост а, пхийтта шо хенара сан ваша а, шиъ пхоьазза йолу, цхьаъ цхьалго топ а йу. КIезиг герз ду иза оцу ши эзар хьакхина дуьхьал. И хьакхарчий лаххьийна йайа суна пхоьазза йолу пхи топ а, ши эзар патарма а беза. Хьоьгара гIо эшна, дехаре веана со, Мохьмад-Гери.
Мохьмад-Гери, куьйга корта а лаьцна, лаьттан бIаьра а вогIавелла, цхьана минотехь вист ца хуьлуш Iийра. Дехаре веанчу стеган дехар йухатухийла а йац, иза кхочушдан ницкъ а бац. ХIара хьаша ма ву. Хийра хьаша. Нохчо. Зеламха.
– Сан цхьа топ а, ткъех патарма а бу, Зеламха. Со да волуш кхин герз дац. Сайн дерг дIалур ду ас хьуна.
– Хьан пхи топ а, ши эзар патарма а боцийла, хаьа суна, Мохьмад-Гери. Амма шун отрядехь масех эзар топ а, патарманаш а ду.
– Отрядехь герз ду, Зеламха, делахь а иза со тIекхочехь дац. Иза дийнахь а, буса а лерина лардеш ду. Сан бакъо йац цигара цхьа патарма схьаэца а. Цаьргара нуьцкъала соьга даккхалур а дац иза.
– Мохьмад-Гери, хIокху хьан тайпан вашас Элбарта хьо майра, доьналле, тешаме къонах ву аьлла, сайга вийцича, веана со хьуна тIе дехар дохьуш, хьоьгара гIо оьшуш. Элбарта ма-вийццара, хьо хиларх теша со. Амма и хьайн майралла а, доьналла а, тешам а axь паччахьна, Андронниковна дIабеллий-те йа хьан дегIан пхенаш чохь леларг вайнехан цIий дац-те?
Мохьмад-Гери, вагийча санна, хьалаиккхира.
– Сан дегIан пхенаш чохь леларг вайнехан, гIалгIачун, бусалбан цIий ду, Зеламха! ГIалгIайн, вайнехан къоман дуьхьа сайн са, цIийн тIаьххьара тIадам дIабала кийча ву со. Амма хьан дехар кхочушдан ницкъ бац сан. И цхьаъ ду. ШолгIа, и ницкъ соьгахь хилча а, ас хьоьга делла герз нохчийн а, гIалгIайн а къомана зуламе дер ма ду. Ахь кIело а йина, итт-ткъа салти вуьйр ву, ткъа Iедало масех бIе стаг, лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву, йарташ йохор йу, бераш байлахь дуьтур ду, зударий жоьра буьтур бу, къена дай-наной верасаш боцуш буьтур бу. И къа сайна тIелаца ца лаьа суна, Зеламха. Хьан хьайн ден да, да, вежарий, ден вежарий байъина, хьан зуда а, бераш а набахтехь ду. ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь хьо бахьана долуш дукха адамийн цIий Iенна, дукха зударийн а, берийн а бIаьрхиш Iенна. Цара неIалт кхайкхадо хьуна, Деле хьан Iожалла йоьху цара. Вай даим даха кхоьллина ма дац, дала дезаш ма ду. Хьайн са ахь мел дукха идадарх, цкъа валаза ма ца волу хьо. Тоийтахьа хIинца мукъана а, Iедална тIe а гIoй, хьайна кхел йайтахьа. Дала йаздинчух кIелхьарвер ма вац хьо.
Зеламхас лерина ладуьйгIира Мохьмад-Герига. Цо дуьйцург керла дац Зеламхина. Цо ша а дукха ойланаш йинера шен кхолламах. Амма Мохьмад-Герис марсайаьккхира цуьнан кийрахь хаддаза йогу цIe.
– Халкъан бохамашна со бехкево ахь, Мохьмад-Гери? Ахь дуьйцург хьайн дагара дац, Мохьмад-Гери, оьрсийн паччахьан, Iедалан дагара ду. И къамел дийриг гIалгIа вац, оьрсийн паччахьан эпсар ву. Сан ден да БIаьхо бIе шарахь сов ваьхна. БIаьхон ден да дуьнен чу а валале, ши бIе шо хьалха нохчийн, гIалгIайн махка баьхкина оьрсий. Нохчийн, гIалгIайн мохк дIалаца, и ши халкъ лолле дерзо, и шиъ керста дине дерзо. Оцу шина бIе шарахь бIе эзарнаш нохчий байъина оьрсийн эскарша, бIеннаш йарташ мосазза а чим беш йагийна, лаьттаца дIанисйина. БIе эзарнаш нохчий махкахбаьхна, Сибрех, Хонкара бахийтина. Нохчийн, гIалгIайн уггар дика мохк дIа а баьккхина, оцу тIе баха охьахевшина. ХIетахь со дуьненахь ма вацара, Мохьмад-Гери. И шайн дайн мохк мах луш гIалагIазкхашкара цхьана ханна лело йа йукъахь лело схьа а оьцуш, шайн доьзалшна сискал йаккха Теркал дехьа бахана нохчий, гIалгIай Iедало, кIотарш йагош, лаьмнашка лоьхкучу хенахь со обарг ма вацара, ва Мохьмад-Гери. Нохчийн халкъан цIий Iено, зударийн а, нанойн а, берийн а бIаьрхиш Iено ши бIе шо ма ду, ва Мохьмад-Гери. ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь оьрсийн Iедало нохчий, гIалгIай байарна, махкахбахарна, зударий а бераш а делхорна, йарташ йохорна, йагорна, вайнехан халкъашкарчу бохамна бехке со ма вац, ва Мохьмад-Гери, ткъа ахь а, хьо санначара а доггаха гIуллакх деш долу оьрсийн паччахьан Iедал ма ду. Ткъа сан дегIах, сих дерг аьлча, ас Iаьржачу кепекан меха а ца лору иза. Итт шо ду xIopa дийнахь, xIopa сохьтехь, xIopa минотехь со Iожаллина хьалха лаьтта. ХIокху хIусамера араваьлча, сайх хиндерг а ца хаьа суна. Со Iожаллех кхоьруш вац, Мохьмад-Гери, ткъа сайн халкъан мостагIех дог Iаббош бекхам а ца оьцуш, дагахьбаллам а буьсуш, валарна кхоьру. И сан чIагIо, и сан Iалашо кхочушйан суна пхи топ а, ши эзар патарма а карадехьа, Мохьмад-Гери, хьо гIалгIа а, хамхо а, бусалба а велахь!
– Со гIалгIа а, хамхо а, бусалба а ву, Зеламха. Амма отрядан герз хьуна дала ницкъ бац сан. Нахера лехна, ас пхи топ а, пхи бIе патарма а лур бу хьуна. Сан ницкъ боцург суна тIе а дожадай, сан сий дайа ма гIертахьа, Зеламха!
– Дика ду, Мохьмад-Гери. Тхан герз ду массанхьа а дIадиллина. Амма тховса со тIекхочехь дац. Герзаца накъостий а бу Iедалх къайлабевлла, дIасабаьржина. Уьш тIегулбан а, герзана тIекхача а хан йац сан. Суна тховса деза герз. Кхана Iуьйранна Iассан тIай тIе йогIу хьакхарчий йайа. Ахь нахера дехна, эцна йа йухалург а герз дахь, кхо де далале, со валаза висахь, ас иза дIалур ду царна. Йа изза герз, йа цул а тоьлларг.
Мохьмад-Гери а, Элбарт а аравелира хIусамдеца.
Ши сахьт даьлча, йухабаьхкира уьш, пхи топ а, царна пхи бIe патарма а бохьуш…
7
Iacca тIехула тIай тогIи готтачохь лекхачу шина бердан йистошна тIе ши йуьхьиг а хIоттош диллинера. Говзачу пхьераша, хьостамаш доцурш, кхин эчиг а ца эдеш, дечигах динера иза. Лакха тIера чухьаьжча, цхьаццаволчунна бIагор а богIуш, лекха. Цунна тIехула ворданаш ца лелара, йа уьш лела некъаш а дацара хIокху лаьмнашкахь. Дуьхь-дуьхьал вогIу ши стаг парггIат морзахваллал шуьйра дара тIай, ткъа говрахь
Ознакомительная версия. Доступно 34 страниц из 167